Добавить новость
Май 2014Июнь 2014
Июль 2014
Август 2014Сентябрь 2014Октябрь 2014Ноябрь 2014Декабрь 2014Январь 2015Февраль 2015Март 2015Апрель 2015Май 2015Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015
Октябрь 2015Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016
Март 2016
Апрель 2016
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016Январь 2017Февраль 2017Март 2017Апрель 2017Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018
Сентябрь 2018
Октябрь 2018
Ноябрь 2018
Декабрь 2018
Январь 2019
Февраль 2019
Март 2019Апрель 2019Май 2019Июнь 2019Июль 2019Август 2019Сентябрь 2019Октябрь 2019Ноябрь 2019Декабрь 2019Январь 2020Февраль 2020Март 2020Апрель 2020Май 2020Июнь 2020Июль 2020Август 2020Сентябрь 2020Октябрь 2020Ноябрь 2020Декабрь 2020Январь 2021Февраль 2021Март 2021Апрель 2021Май 2021Июнь 2021Июль 2021Август 2021Сентябрь 2021Октябрь 2021Ноябрь 2021Декабрь 2021Январь 2022Февраль 2022Март 2022Апрель 2022Май 2022
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

Кадыровхойх "заградотрядех" санна пайдаэцар тIечIагIдина Дудаевн батальонан командиро

023
Кадыровхойх

В Кировскую область из Донецка приехали шесть спортсменов с ограниченными возможностями

Пытались уйти и погибли: В районе "Азовстали" пресекли прорыв боевиков

Челябинский ветврач Карен Даллакян отправился на помощь Мариуполю

«Летел просто как ракета»: глава Центрального района Челнов скончался во время марафона на Камчатке

Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь тIечIагIдина, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду кхечу дакъойн эскархой сецош, нохчийн Росгвардех "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хиларх. "Цул совнах, дуккхаъчу оьрсийн тIемалошна ца беза кадыровхой, царна тешнабехк бан а гIерта. Со цецвер вац, нагахь санна, царна юкъахь тийсадаларш хилахь, оха цуьнан терго йина кест-кеста Нохчийчохь", - билгалдоккху къамелдинчо. Зазадокху-беттан 21-чохь Украинан кхерамзаллин сервисо зорбане дехира шайн карадаьхкина, хетарехь, Росгвардин эскархочо шен хIусамненаца нохчийн маттахь дина къамел. Шен коьртачу Iалашонех дуьйцу цо цуьнга – тIеман майданара дIасауьду Оьрсийчоьнан эскархой сецор ю шен коьрта Iалашо бохуш. Оьрсийчоьнан тIеман министралло а, Росгвардино а кху муьрехь тIе ца чIагIдина, йа бакъ дац аьлла, дIа а ца теттина оцу хаамехь дерг. Телефонехь дечу къамелехь эскархочо доьху хIусамнене са ца гатдар, хIунда аьлча, церан дакъа тIемаш бечу хьалхарчу позицешкахь дац: "Тхан Iалашо – артиллерино тохар дича дIасауьду и мезех буьзна салтий юха лахкар (тIаме – Редакцин билгалдаккхар) ду". Иштта цо боху украинхойн артиллерино дийнахь а, буса а Оьрсийчоьнан позицешна тIеетташ хиларх. Къамелехь Осмаевс билгалдоккху, Оьрсийчоьнан тIеман урхалло кадыровхой Донбассе цхьана Iалашонца тийсина хиларх, "цхьа мехала толам гайтархьама". "Делахь а, ерриг гоне ерзийна Мариуполь схьа ца яккхалун масалгIа де ду, хIаваэра, лаьттахула, хIорданера тIехдикалла йоллушехь", - аьлла цо. Украинан кхерамзаллин урхаллин официалан дIахьедарехь аьлла ду, кадыровхойх хIинца "ТикТок-эскарш" бен олуш дац, сурт хIиттон роликаш яхар дезаш хиларна, хIунда аьлча, тIамехь уьш "къаьстина" бу "видеозIенаш латторца а, маьршачу нахана дуьхьал къизаллаш лелорца а". Оьрсийчоьнан эскаро Украинана динчу тIелатарехь дакъалоцучу Нохчийчуьрчу ницкъахойх велла лоруш ву бIе стаг, бисинарш юхабирзира Соьлжа-ГIала Зазадокху-беттан 13-чохь. Цунах лаьцна дIахьедира Украинан кхерамзалиин сервисо. Чиллан-беттан 24-чохь Украинан дозана тIе чугIоьртира Оьрсийчоьнан эскархой президентан Путин Владимиран омраца. Iалашонаш а лоьцуш, шайн бахархойн инфраструктура хIаллакъярна Москва бехкейо Киево. ТIеман объекташна бен шаьш йетташ яц бохуш, чIагIдо Оьрсийчоьнан агIоно. Кадыров Рамзана кест-кеста видеош хIиттайо махкарчу эскархойх лаьцна, украинхойн тIемалошна а, иштта пачхьалкхан суверенитет Iалашъян, шайн лаамехь вовшахкхеттачу нохчашна а кхерамаш туьйсуш, кхайкхамаш бо конфликт кхин а тIе чIагIъян. Украина Iалашъечу тIемалоша а, нохчийн батальонийн декъашхоша а Кадыров а, кадыровхой а тIеоьцу Оьрсийчоьнехьара агрессин символ санна.  

Комментарии

Комментарии для сайта Cackle

Читайте также

Загрузка...

Загрузка...
Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.



News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей Украине (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектом News24.


Владимир Зеленский в Украине


Светские новости



Сегодня в Украине


Другие новости дня



Все города России от А до Я