Декабрь 2014
Январь 2015
Февраль 2015
Март 2015
Апрель 2015
Май 2015
Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015
Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016
Март 2016
Апрель 2016
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017
Февраль 2017
Март 2017
Апрель 2017
Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018
Сентябрь 2018
Октябрь 2018
Ноябрь 2018
Декабрь 2018
Январь 2019
Февраль 2019
Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022 Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023 Сентябрь 2023 Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024
1
2
3
4
5 6
7
8
9
10
11
12
13 14
15
16
17
18
19
20 21 22
23
24
25
26 27 28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

Нохчийчохь Кадыровс шена луъург деш дуйла го хан хене мел йолу

0 476
Нохчийчохь Кадыровс шена луъург деш дуйла го хан хене мел йолу

В Архангельске прошел Всероссийский турнир по теннису

Шура: «Петь я начал сразу, как родился!»

Шура: «Петь я начал сразу, как родился!»

Шура: «Петь я начал сразу, как родился!»

Владимиров Виктор,                                                                                         "Американ Аз" Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, цуьнан гонна а, кхайкхийначу керлачу санкцийн хьокъехь дуьйцу бакъоларъярхоша Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина хетарехь, деношкахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзананан гонна а, цара жоп лучу структурашна а дуьхьал кхайкхийна санкцеш доцчух кхоьллина а, бух боцуш а ю. Оцу хьокъехь дIахьедина пIераскана, ГIура-беттан 11-чу дийнахь, арахьарчу политикан юкъаметтигийн хьукматан векала Захарова Марияс. Захарована гарехь, оцу гIулча хьалха хIотийна Iалашо ю, дукха а, кIезиг а доцуш, дуьненан юкъараллин бIаьргаш чохь Оьрсийчоьнан бахархой «адамийн бакъонаш талхош болу нах» хилар тIечIагIдар. Дагадоуьйту, еарин дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа «Магнитскийн акто» къастош йолу санкцеш юкъаяьхна Кадыров Рамзанна а, цуьнца зIе йолчу цхьацца компанешна а, цуьнан гонерчу цхьаболчу наханна а дуьхьал.  Цхьана декъехь, Штатийн финансийн министралло «Iаьржачу тептара» язйина Оьрсийчуьрчу къовсамашкахь дакъалоцу футболан клуб «Ахмат» а, Кадыров Ахьмадан фонд а, кхин а цхьаццайолу структураш а. Дуьххьара йохуш яц Американ Штаташа Кадыровна а, цуьнан гонна а, гергарчарна а духьал санкцеш. 2014 шарахь дуьйна Еропан Бертан санкцеш а ю Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал лелаш. Каляпин Игорь: «Цхьа а низам дац Нохчийчоьнан куьйгалхочо ларамбеш, шен махкахойх дан йиш ю цуьнан шена луъург» «Iазапна дуьхьалояран комитетан» куьйгалхочунна Каляпин Игорьна хетарехь, Кадыровн гонна а, цуьнца зIе йолчу структурашна а тоьхна санкцеш пайде ю, цара дагайохкуьйту дуьненна юха а Нохчийчохь харцонаш лелаш хилар. Цуьнан дешнашца аьлча, цхьана а цивилизацин юкъаралло ловш доцу хIуманаш лела цигахь. «Санкцеш оьшу, нийса тоьхна а ю, цара Оьрсийчуьрчу Iедалан урхаллашна хоуьйту шаьш терго ян езачу махкахь лелаш дерг хIун ду. Оцу маьIнехь аьлча санкцеша шайн Iалашо кхочуш йо. Ткъа хьакхалой уьш билгалбаьхначу нахах аьлча, суна хетарехь, цара пусар а ца до санкцийн. Уьш бац дуьнентIехула бевлла лела дагахь, дозанал арахьа ахча охьадилла гIерташ, царна цIахь а ю комфорт, шаьш дашо унитазаш хIиттийначу петаршкахь». Делахь а Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна республикерчу хьолан мах нийса хадийна аьлла хета Каляпин Игорьна. ХIунда аьлча, Нохчийчохь низамаш парггIат хьоьшуш хилар го хан хене мел йолу, билгалдаьккхира «Iазапна дуьхьалояран комитетан» куьйгалхочо. Цо бахарехь, Кадыровс а, цуьнан уллерчу гоно а, эхь а ца хеташ, тIетаIIош гойту муьлхха а нохчо – хуьлда иза шен юьртахь, Оьрсийчоьнан кхечу махкахь я Европехь – шайн юрисдикцина кIел вуйла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо цхьана а кепехь ларам бац беш низамийн, шен махкахойх цуьнан дан йиш ю шена лиъинарг. Бакъоларъярхочо дийцарехь, иза хеза риторикехь а, нахана ган а гуш йохучу гIулчашца а. Борщев Валерий: «Адамийн бакъонашца йолу ситуаци маьттаза ю Нохчийчохь» Москварчу Хельсинкин Тобан куьйгалхойх волу Борщев Валерий вуьззина тешна ву Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а сакцеш йогIуш хиларх. Иза, цунна хетарехь, кхетамчохь мел болу нах бу оцу сацамна кIера. «ХIунда аьлча, адамийн бакъонашца йолу ситуаци маьттаза ю Нохчийчохь. Цивилизацин а, ала деза, Оьрсийчоьнан а низамашна нийсса бIостанехьа ду Кадыровн лелар. Адамийн бакъонашца кризис латтарца дуьнентIехь уггаре хьалхарчу регионех бу и мохк. Борша-сте леларца ламастехь боцчу (ЛГБТ) нахаца цигахь лелориг юьззина акхалла ю, царна духьал чIир ю кхайкхийна». Оцу юкъанна бакъоларъярхочуьнга дуьззина ала ца ло, мел эвсаре ю Кадыровн режимна дуьхьал Малхбузено арахецна санкцеш. Зеделлачо гойту санкцеш кхача ма-езза дIакхочуш цахилар, боху Борщевс. «Мухха а делахь а, нийса яьккхина гIулч ю иза. Ткъа футболан «Ахмат» клубах аьлча, Кадыровн лазаме ю и муьшка, цо шен, шен Iедалан имидж чIагIъеш лелойо футбол», – тIетуьйхира Москварчу Хельсинкин Тобан куьйгалхойх волчу Борщев Валерийс. Цунна хетарехь, керла санкцеш – шаьш ларбала безийла гойту хаам а бу Кадыровс зIенаш лелочу цхьаболчу Iаьрбийн мехкашна. Американ Штатийн конгрессменаша Малиновски Тома а, Уилсон Джос а далочу терахьаша гойту еккъа цхьана Iаьрбийн Эмираташа Нохчийчу хьийсийна инвестицеш 350 млн Американ долларе кхоччуш хилар. Цул сов, Кадыров ахчанца са йоккху оцу пачхьалкхашкахь хуьлучу говрийн хехкаршкахь.  

Читайте также

В тренде на этой неделе

Шура: «Петь я начал сразу, как родился!»

В Архангельске завершился всероссийский турнир по теннису

Загрузка...

Загрузка...
Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.



News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей Украине (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектом News24.


Владимир Зеленский в Украине


Светские новости



Сегодня в Украине


Другие новости дня



Все города России от А до Я