Мы в Telegram
Добавить новость
< >
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017
Февраль 2017
Март 2017
Апрель 2017
Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018 Февраль 2018 Март 2018 Апрель 2018 Май 2018 Июнь 2018 Июль 2018 Август 2018
Сентябрь 2018
Октябрь 2018 Ноябрь 2018
Декабрь 2018
Январь 2019
Февраль 2019
Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022
Май 2022
Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022
Сентябрь 2022
Октябрь 2022 Ноябрь 2022 Декабрь 2022 Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023
Сентябрь 2023
Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13 14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

"Аша зулам дина, боху тхоьга". Протесташкахь хилла кхечу мехкийн бахархой Оьрсийчуьра арабохуш бу

0 102

В Югре военнослужащие и сотрудники Росгвардии приняли участие в прямом эфире телемарафона «Сыны Великой Победы»

Важно помнить свою историю: сотрудники Департамента ГОЧСиПБ о подвигах родных в великий День Победы

Что нужно знать, чтобы выбрать металлопластиковые окна в Борисполе? «Газда» напоминает рекомендации

Пансионаты для пожилых людей

Политик волчу Навальный Алексейгахьа хиллачу протесташкахь дакъалаьцна арахьарчу мехкашкара баьхкина бахархой пачхьалкхера арабохуш бу полисхоша. Оьрсийчохь баха елла бакъо юха а оьцуш, пачхьалкхе бахкар доьхку царна, церан доьзал, бераш доллушехь. Цхьацца меттигашкахь бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхур ду бохуш, кхерамаш а туьйсу царна. Настоящее Время телеканало йовзуьйту Оьрсийчохь бехачу кхечу пачхьалкхийн бахрахойн масех истори. Навальныйгахьа хIоттийначу митинге бахначул тIаьхьа Iедалхой тIаьхьабевлла царна. "Иштта тIаьхье хир юйла ца хаьара суна. Хиънехь - ваххане а гIура вацара" Артем - Украинан вахархо ву. Дукха хан йоццуш Оьрсийчуьра депорт йина цунна, Дечкен-беттан 23-чохь хIоттийначу митингехь дакъалацарна, ишта цунна дихкина 99 шарахь Оьрсийчу ван а. Киеверчу Борисполь аэропортна уллорчу хьешан цIийнехь ву иза карарчу хенахь, дегайовхо ю цуьнан Москва, шен доьзална тIе юхаван. Шена депортаци еш бинчу сацамна латкъам бан дагахь вара иза, ша тоьлур ву аьлла, шансаш кIезиг йоллушехь. "Цхьа цIеххьана нисделир-кх хIара, Москвара кхуза ван дийзира сан. Киевехь сан гергара нах бац, я доттагIий а бац", - дуьйцу цо. ТIаьххьарчу 14 шарахь Москвахь вехаш вара Артем. Цигахь бу цуьнан доьзал, уьш Оьрсийчочьнан бахархой бу. Коронавирусан ун бахьана долуш ка ца елира цуьнан, Оьрсийчохь ваха бакъо яхъян. Дукха хьолахь оцу низам дохорна гIуда тухура. Ткъа кхузахь, протестан митинге бевллачарна дуьхьал низам кхечу агIор болх беш ду. Артем лаьцна, митингехь хиларна гIуда тIедожийра цунна. "Преображенскан кхелера со араволучу заманчохь полисхоша лаьцна Москва гIалин кхечу кхеле дIавигира со. Цигахь хиира суна, миграцин низам хьаьшна аьлла, со бехке веш хиларх. Кхаа кIиранна чувоьллира со. 15 минотехь суьдхочо вовшахтесира сан гIуллакх оцу сохьта Сахароверчу "спецприемнике" дIавигира со (цигахь латтош бу, Оьрсийчуьра арабаха кечбина мигранташ). Я телефон тоха а цIерачаьрга, я сайн тIеюху хIума схьаэца а ца магийра", - дуьйцу Артема. Ша дохковаьлла, боху жимчу стага, митингехь дакъалацарна. "Нахана тIехIотта, цаьрца цхьана волавала лууш вара со. Цигахь суна бевзарш а бара, - боху цо. - Амма, суна ца хаьара, иштта тIаьхье хир юйла. Хиънехь аьттехьа а гIура вацара со". Навальныйс ца кхоийна шен дахар сан берийн хиндолчун дуьхьа" Молдован вахархо ву, Навальныйгахьа хIоттийначу митинган декъашхо хилла Чеботарь Марк. Навальныйна а, цуьнан агIончашна а карийначу "Путинан шахьарна" гена йоццучу Геленджикехь вехаш вара иза тIаьххьарчу итт шарахь. Марка бахарехь, и таллам боцург а, иза митинге валаран бахьана хилира цунна -Навальныйна дIавш даларца а, иза  лацарца а, колони хьажорца а доьзначу бахьанашца "Шен дахар ца кхоийна цо вайн дуьхьа, вайн кханенан, сан берийн хиндолчун дуьхьа, - эмоционалехь дуьйцу Марка. - Иза вен гIоьртинера, вийна ала тарло-кх иза. Амма, шен дахар кхераман зила бухахь доллушехь юхавера иза. Оцо синтем байъинера сан". Митингехь Геленджикехь лецира Чеботарь, цунна бехке диллира административан низам дохор, гIуда а текхира цо. Цул тIаьхьа, украинхочуьнга Артеме а санна, цуьнга а дIахьедира, Оьрсийчуьра дIаваха веза аьлла. "Москвахь ваха елла бакъо дIаяьккхина соьгара, депортаци ен кехат кара а луш. Пхеа шарна дихкина суна Оьрсийчу ван", - дуьйцу Марка. Цо бахарехь, иза бехке вина Оьрсийчоьнан конституцин хIоттамна кхерам бохьу аьлла. Тахана Чеботарь Молдовехь шен гергарчу нахехь Iаш ву. Геленджикехь йисина шен зуда а, шиъ йоI а видеохула бен ган йиш яц цуьнан. Ши йоI кийча ю да волчу дIаяха, Оьрсийчоьнан Iедалхоша кхин некъ битина бац царна. "Оьрсийчохь ваха елла бакъо дIаяьккхича баккъал а цецваьллера со" ГIиргIазойчуьрчу вахархочун Адоньев Денисан а бу ишта кхоллам. Пушкинан майданарчу митингехь лецира иза Дечкен-беттан 23-чохь. 11 шо дара иза Москвахь веха: кхузахь дешна цо, зуда а ялийна, кIант дуьненчу а ваьлла церан. Делкъа хенахь дара иза лаьцча. Полицин декъехь ГIиргIазойчоьнан вахархочун паспорт а, Оьрсийчохь ваха бакъо йолу документ а дIагайтинера цо. 40 шарахь Оьрсийчу ван дихкина цунна. "Со чIогIа цецваьллера Оьрсийчохь ваха елла бакъо сайгара дIаяьккхича, - дуьйцу Дениса. - Цул тIаьхьа дерриг а атта дара. Со тIевеача, цара кехат делира сан кара. ХIоккху хенахь пачхьалкхера ара ца валахь, хIара хир ду, важа дийр ду аьлла, тIехь язйина хан а яцара. Кхин дIа шу хIун дер цкъачунна хууш вац гIиргIазо. Легалехь Оьрсийчохь виса бакъо яц цуьнан. "Бехкзуламан гIуллакх доккхур ду дуьхьал аьлла, кхерам тесира суна" Санкт-Петербургехь болх беша вара Беларусин вахархо Хазин Руслан. Навальныйн агIончаша хIиттийначу протесташкахь дакъалаьцна а ву иза. Цул совнах, Беларусехь президентан харжамаш бирзинчул тIаьхьа Лукашенкон режимна дуьхьал Санкт-Петербургерчу векалтна хьалха бевллачу протестхошкахьа хилла а ву иза. Репрессех бевддачу шен махкахошна Оьрсийчохь дIатарлуш накъосталла дина а ву иза. "Полисхой баьхкира со волчу балха тIе. Шина сахьтехь хеттарш дира соьга, цул тIаьхьа схьахаийтира, Оьрсийчохь ваха могуьйтур дац аьлла, - дуьйцу Хазина. - Шина кIиранах Беларуси дIа ца водахь, шаьш со дIавуьгур ву аьлла, дIахьедира цара". Балха чу а ца витира Хазин ницкъахой баьхкинчул тIаьхьа кхин, денна телефонаш еттара цуьнга полисхоша, тахханехь дIаваха веза хьо, ца водахь, гIуллакхаш дика хир дац, бохуш", - дагалоьцу Руслана. "Бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхур ду аьлла, кхерам тесира суна. "Ахь хIинцале цхьа зулам дина", бохура соьга. "ХIун зулам?" ас хаьттича- дуьхьал бийлабелира, "Оха цхьаъ дагадоуьйтур ду" аьлла, - дуьйцу Хазина. Руслан тешна ву, Беларусехь ша набахте хьажор ву аьлла. Цундела Оьрсийчуьра шен даймахка билет ца оьцуш, Польше дIавахара иза. Карарчу заманчохь Мысловице олучу, Катовице гIалина гена йоццучу  меттигехь вехаш ву иза. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхашна арахьара нах юкъагIертарна тIехь терго латтош пачхьалкхан Думехь лерина комисси ю. Комиссин куьйгалхочо, депутата Федоров Евгенийс боху, хуьлийла иза маьрша акци, Оьрсийчоьнан вахархо воцучу мьлххачу стага цигахь дакъа лацахь, иза пачхьалкхера араваккха везаш ву. Билггал хууш дац, митингашна тIехула маса стаг Оьрсийчуьра дIахьажийна. Оьрсийчоь дукха хенахь дуьйна шайна цIа а хилла, бехаш хиллачу мигрантийн а цхьана дезна, цигара дIабаха.

Читайте также

Загрузка...

Загрузка...
Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.



News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей Украине (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектом News24.


Владимир Зеленский в Украине


Светские новости



Сегодня в Украине


Другие новости дня



Все города России от А до Я