Мы в Telegram
Добавить новость
< >
Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019
Июль 2019
Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022
Апрель 2022
Май 2022
Июнь 2022
Июль 2022
Август 2022
Сентябрь 2022
Октябрь 2022
Ноябрь 2022
Декабрь 2022
Январь 2023
Февраль 2023
Март 2023
Апрель 2023
Май 2023
Июнь 2023
Июль 2023
Август 2023
Сентябрь 2023
Октябрь 2023
Ноябрь 2023
Декабрь 2023
Январь 2024
Февраль 2024
Март 2024
Апрель 2024
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено

Нохчийчуьра тIеман Iамораш. Стенна кечлуш ву Кадыров?  

0 1240
Нохчийчуьра тIеман Iамораш. Стенна кечлуш ву Кадыров?  

Армией России уничтожен высокопоставленный офицер ГУР (ФОТО)

Утренние пробки в Подмосковье составили 4 балла 26 апреля

Соьлжа-ГIалахь рогIера тIеман Iамораш дIадаьхьна, эзар сов тайп-тайпачу ницкъаллин структурийн бехахой дакъалоцуш а болуш. Легендица а догIуш, Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь цхьа гIишло дIалаьцнера террорхоша, ткъа Росгвардино а, МВД-но операци дIаяьхьира уьш хIаллакбеш. Хьалхо тIеман хьал хIоьттича шаьш дийра дерг шардира ницкъаллин структурийн белхахоша республикан дозанашца йолу кIашташкахь. Хьлхарчу а, шолгIачу ю тренингашна юкъаозийна яра нисса дIа Кадыров Рамзанна муьтIахь йолу тобанаш, формалан кепара уьш низамаш лардон органашна юкъахь лоруш ялахь а. Республикан куьйгалхо ша вахара Iаморашка, ницкъаллин структурийн белхахой муха Iамош бу хьажа. Стенна кечам беш ву иза? Хьенан лере хьажийна ду и хIора кIиранах масатоьпаш екор? ГIалгIайчоьца иккхина къовсам. Вовшахкехтар я мотталург? Лахьан-бутт чекхболуш юха а юкъаметтигаш ирйелира Нохчийчоьнан куьйгаллин а, ГIалгIайчоьнан юкъараллин жигархойн а. ТIахьарнаш эргIада бахийтинарг дара, луларчу республикера белхалой, шайга а ца хоттуш, тодан хIиттар, ши республика къастош охьодогIучу хина бердаш. ГIалгIайчоьнан тайпийн кхеташо (Совет тейпов Ингушетии) олучу юкъараллин вовшахтохаралло дIахьедира, шина республикин дозанца доьзна хаттар кхин а дIадахьа дезаш ду аьлла. Цунна жоп луш Соьлжа-ГIаларчу лаккхарчу даржашкарчу Iедалхоша ца кхоийра къоршаме къамелаш дар а, кхерамаш тийсар а. Дов иккхина масех де даьлча Кадыровс, кхеташо а гулйина, дIахьедира республика гоне ерзо еза блок-посташца, ткъа уьш ларъян хьовсо деза чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан дакъош аьлла. "Иза дац, вайна тIом баьлла бохург, амма вай мичча хенахь а кийча хила деза. ДуьнентIехь хьал хIоьттина хIуъа а хила мегаш долу", - элира Кадыровс, дозанашка эскархой хьажор ГIалгIайчоьнца долчу дар-дацаршца а ца дузуш. Нохчийчуьрчу Iедалша дийриг – ницкъ гайтар а, гIалгIай лаьттанца доьзна реза цахиларш бахьана долуш дозанаш лардан кийча хилар гайтар а ду, аьлла хета Анализ яран а, ткъа иштта къийсамаш ца хилийтаран а Центран директорна (Центр анализа и предотвращения конфликтов) директорна Сокирянская Екатеринина. "Суна хетарехь, Рамзан Ахматовича шен тIегIантIехь гойтуш ву лулахошна, ша кхоччуш тIеман кечам бина хилар а, цхьаъ хилахь Нохчийчоьнан дозанаш лардан доьналла долуш хилар а, ткъа иштта, ша хьалха ма аллара, уьш шордан кийча хилар а", - билгалдоккху эксперто. Республика блокпосташца гоне лацаран идей вуно йогIуш ю Нохчийчоьнан куьйгалхочо, луларчу субъекташца, уггар хьалха ГIалгIайчоьца а, Дагестанца а, долчу дозанашна кхоччуш демаркаци ян дагахь лелочуьнца, билгалдоккху Кавказ дика евзачу, МГИМО-н (Москвара дуьненаюкъара юкъаметтигийн пачхьалкхан университет) лакхара Iилманан белхахочо Ярлыкапов Ахмета. Цунна хетарехь, оцу мероприятеша гайта дезарг ду республикера Iедалш кийча хиларх, кхетийта шаьш нохчий, уьш кхетийт, ша нохчийн халкъан хьалханча хиларна, Кадыров церан лаамаш ларбан дагахь хилар. "Кадыров шина аудиторина болхбеш ву. – нохчайн а, арахьарчу а – гIалгIан а, дагестанахойн а", - кхетадо шена хетарг Ярлыкаповс. Иза ду аьлла хета экспертана, республикера бахархой вовшахтохар Ӏалашо юьхьарлаьцна деш. Ярлыкаповс боху, шена ца хаьа мел мехала ду могIарерчу нохчашна ГIалгIайчоьнан дозанца доьзна хаттар.   "Цхьаъ ду сан ала, Кадыровс цхьа хIума а ца до, цхьа а Iалашо а йоцуш", - жамI до эксперто. Вевзаш волчу нохчийн оппозицин блогера Абдурахманов Тумсос республика гоне лацаран идей ГIалгIайчоьнан дозанца боьзначу хиламашца юзахь а, арахьара конфликт ю аьлла, моттаргIа а хIоттийна, адамийн тидам кхечунна тIебахийта гIортар ду иза боху. Абдурахманов реза ву, Ярлыкаповс ма аллара, Нохчийчоьнан куьйгалхо нохчий шен куьйгакIеллахь вовшатоха гIерташ ву бохучуьнца, иза ца нисдаларна леткъа а леткъаш.    "Дуккха а наха дийца долийра, Кадыров бакъ ву, динна тулгIе гIаьттира Кадыровс ша ГIалгIайxоьнера бархI эвла дIайоккхур ю аьлча, цхьа ура-патриоташ бевлира цунна гIортор еш роликаш дIаязйеш", - дуьйцу блогера. "Шена лиъча – го бира". Кадыровн тIеман таронаш Нохчийчуьрчу коммерцица йоьзна йоцчу вовшахтохараллан белхахочунна Ахмадов Вахина хетарехь, (цIе хийцина ю цуьнан дехарца. -Ред. билг.) Iамораш ГIалгIайчоьнна еллачул а алсам сигнал ю федералан ценран шена тIе тидам бахийтаран, "иза, хьовсал, муха дало соьга, лиира суна – го бира, лиира суна – го дIабаьстира". "Цхьана а субъектан куьйгалхочуьнга шен сатийсамехь а дуьхьал хIотталур доцуш ду и тайпаниг. Ткъа Москвара схьа, уггар алсам дахь, шен меркъеллахь цхьа ца къаьста гӀам-гӀим дийр ду Песковс, ткъа вуьшта иза а дийр а дац", - боху Ахмадовс. Цунна хетарехь, республикана го баран идей, вуно кхераме тенденци ю, ткъа нохчийн милитаризман а, реваншизман а некъ юьхьарлаьцна кегийрхой кхиоро цхьа а диканиг дохьур дац. Ша ца кхета, бохура Ахмадовс, хIун "Оьрсийчоьнан мостагIий" бу Кадыровс буьйцурш, ницкъаллин структурийн кхеташонехь, хIун "дуьнененра чолхе хьал ду" дуьйцург, нохчийн дозанаш а хьехош.   "Хьенах лардир ду, масала, нохчийн-ставрополхойн доза? ЦIеххьана кIорггерчу тIехьар баьхкина дIахIиттинчу америкахойн хIорда-гIашсалтех? Кхузахь алсамо моттаргIанаш а, герз декор а ду. Кхеташ ду, нагахь цхьаъ, ма моьтту цадодахь, цхьа а хьодур вац дозанашкахь саьнгарш яьхна са ца кхоош цигахь летта вала", - билгалдоккху Ахмадовс. Ша Iедалехь волчу шерашкахь Кадыровс кхоьллина де-юре Оьрсийчоьнан ницкъаллин хьукматашна юкъайогIу, амма де-факто цуьнан тешаме нахехула Нохчийчоьнан куьйгалхочунна муьтIахь йолу ницкъаллийн структураш, боху Сокирянскаяс. "Цуьнан шен чулацамехь, долахь йолу жима арми ю. И структураш дика кечам бина а, Iамийна а ю тоьллачу оьрсийн инструкторша, уьш тIом баран зеделларг долу тIемалой бу", - дуьйцу Сокирянскаяс. Кадыровн баккъалла а тIеман таронаш ю лулахошна дуьхьаллатта бохучуьнца, реза ву блогер Абдурахманов. Оццу хенахь иза ца теша шина республикина юкъахь баккъалла а конфликт хила мега бохучух, иза федералан центро хуьлуйтур йоцун дела. "Цунна чIогIа хазахета цхьацца тIеман орцанаш дохуш, хьовса, хIара ю сан арми бохуш. Иза говраш хахкарх тера ду цо масех шо хьалха вовшахтоьхна хиллачу, туркойн актераш хьошалгIа кхайкхира, ткъа ерриг а республика цхьанха дIахахкаеллера. ХIун логика яра оцу леларан?", - дагалоьцу блогера. Кадыровн ницкъаллин структурийн белхахойн говзалла гойту цхьана хиламо: тIаьххьарчу Iаморашкахь гериг кхетта чов йира низамаш лардон органан цхьана белхахочунна. Иза мухачу хьолехь ву бохург хIинца а хьулдина ду нохчийн Iедалша.  

Читайте также

Загрузка...

Загрузка...
Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.



News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей Украине (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектом News24.


Владимир Зеленский в Украине


Светские новости



Сегодня в Украине


Другие новости дня



Все города России от А до Я