Мы в Telegram
Добавить новость
< >
Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019
Июль 2019
Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022
Апрель 2022
Май 2022
Июнь 2022
Июль 2022
Август 2022
Сентябрь 2022
Октябрь 2022
Ноябрь 2022
Декабрь 2022
Январь 2023
Февраль 2023
Март 2023
Апрель 2023
Май 2023
Июнь 2023
Июль 2023
Август 2023
Сентябрь 2023
Октябрь 2023
Ноябрь 2023
Декабрь 2023
Январь 2024
Февраль 2024
Март 2024
Апрель 2024
Май 2024
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

Лорд "ТикТокна" дуьхьал ву. Социалан машанаш емалбо Нохчийчуьрчу Iедало

0 660
Лорд

Армией России уничтожен высокопоставленный офицер ГУР (ФОТО)

В Росгвардии прошли торжественные мероприятия, посвященные 79-й годовщине Победы в Великой Отечественной войне

Нохчийчоьнан парламентан спикера, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уллерчу накъоста Даудов Мохьмада емалбина социалан машанашахула юкъарло лелош болу кегийрхой. "ГIиллакхехь йоцу" посташ билгалйохуш, ойлайн-хехой болх бан буьйлабелла Нохчийчохь, ткъа ТикТокера онлайн-трансляцеш тергалйо ша-шех инстаграмехь Лорд аларца Къилбаседа Кавказехь вевзаш волчу Даудовс ша. Политик дарвинарг яц оппозицин яппарш я махкара социал-экономикан кхачамбацарш бехкедеш Iедална йина критика, цатайнарг ду кегийрхоша интернет-эфирехь, цхьа а маьIна доцуш, эрна хан яйъар. Инстаграмехула яржийначу видео чохь боху Даудовс: "АгIонаш ю ”ТикТок”, ”Биго". Метр еха мажош а йина, кегий нах Iа хIун ю а ца хуучу эфирашкахь, цу чу цаьрга яздийриг ду боьха. Эхь дац иза? Нохчий иштта лела аьлча а ду инзаре. Дан хIума дац шун? Спортзалаш яц? ГIо спортзале, тIаккха дезар дац шун, цхьа спортсмен тIевеъча, шишанаш кхийса. Маьждигаш дац? Цига гIо, мел боккхуш дIахьо хан, шайн иза оццул дукха хилча". Нохчийн мехкаршна а довдо спикеро, уьш эфирашка буьйлу, цо дийцарехь, "лайкаш, хаза комментареш а лехьош". Даудовс бахарехь, Кадыровс могуьйтур дац, кегийрхой ишта а лелаш, уьш ца совцочу шен гонерчу хьаькамашна. Зудаберашна – дихкина ду? "Дай-наношка уьш совцалуш бацахь, дIахаийта кIоштарчу полицин хьаькаме я кIоштан куьйгалхочуьнга, шайн бераш совцалш дац шайга, алий, уьш  полицин тептара язде ала, ца хаьа царгара даьндерг, ала. Я тхуна маьждигера имам ваийта ала, уьш иймане бало", – дIахьедира Даудовс. Цкъа къамел дича гIуллакх ца хилахь, Нохчийн Iедало кхин а луьра дийр ду цаьрца къамел, кхозлагIа изза далахь - "низам дуьхьалдоккхур ду", бохура цо. Ша видео-къамел дина масех сахьт даьлча, ТикТокерчу нохчийн цхьана йоьIан эфирехь гучуволу иза, ша дерриг а тергалдеш хилар гойтуш. Оццу хенахь официалехь "Юкъараллин санитараш" ("Санитары общества") тоба гучуйолу машанехь – цо шена хьалха Iалашо хIоттийна интернетера нохчийн сегмент "дастаме леларца къам сийсаздечу хIуманех" цIанъян. Оцу бахьаница доьху нахе царна лартIахь йоцуш хетачу нохчийн кегийрхойн агIонийн адресаш довзийтар, шаьш "профилактика" йийр ю, боху, иштачаьрца. "Юкъараллин санитараша" юьхьаръэцна некъ дIакхоьхьуш яра социалан машанашкахь 2017 шарахь а, тIаьхьо а "Карфаген" паблик - "вайнехан кегийрхойн болам". Цо емалбора интернете "товш доцу" суьрташ кхуьйсу нохчийн мехкарий – машанашкахула бовзуьйтура уьш, беха меттигаш юьйцура, гергарнаш схьакарабора. "Оьзда доцуш" лорура коьртахь кортали цахилар, коч йоца йохар, белш, лаг наханна дIагайтар. Уггаре коьрта хьехам бара мехкаршка бечаралахь – комментареш цаязйар. Къайленехь шен декъашхой кхобучу "Карфаген" паблико емалбинчу мехкарех яра 2017-чу шарахь 22 шо долу Дудуркаева Луиза, цунна тховкIело елира Норвегино, амма новкъахь лецира иза, Минскерчу аэропортехь, дас цIайигира Устрада-ГIала. Нагахь санна хIинца бевллачу "оьздангаллин бIаьхоша" оццу "Карфагенан" некъ карлабоккхуш нислахь, юха а нисбала тарло цо дакъазбоху кегийрхой, аьлла хета Кавказ.Реалиица къамел динчу эксперташна. Интернетехь эшийна Кадыров   Социалан машанаш маьрша бу, цундела хала дац "зуламхой" схьакаро, ерриг а "зуламечу" контентан авторш Iорабаха гIерта а ца оьшу, боху информацин-аналитикан "Сова" центра директора (Оьрсийчоьно "Сова" центр язйина "арахьарчу агентийн" реестре, амма иза реза яц оцу статусна – ред.) Верховский Александра. "Нах кхерош, царех цхьакIеззиг болчарна ”таIзар” дича а тоьу", – боху цо. Нохчийчуьрчу Iедална критика ечу нохчийн оппозицин 1ADAT боламан куьйгалхо тешна ву (1ADAT-ан хаамаш бешнарг а, цуьнан авторшца зIе кхобург а, пабликна модераци йийриг а таIзарна бухахьо республикехь) Даудовс шен дахьедар деккъа дIа "популизман пиар-кампани" латторхьама деш хиларх.   "Тхо цецдохург ду, ”оьздангаллехьа тIом” кхайкхинарг ша Кадыров цахилар – хьекъална гена боцчу нехан бIаьргаш чохь ша диканиг хоьтуьйтуш, и тема юкъараллехь уггаре коьртачех юйла а хууш, цо ма олий шех ”КъорIан а, Сунна а Iалашдархо”. Боьхаллица тIом цхьана а кадыровхочо латтор бац, латтабахь – шайца бан дезар ду церан и тIом", –  элира ша вовзуьйтуш воцчу 1ADAT пабликан куьйгалхочо. Дагалаца мега кхузахь хип-хоп локхучу, продюсер волчу Тиматица Кадыров Рамзана лелош долу гергарло, нохчийн Iадаташа аьттехьа а магочех яц цуьнан кхоларалла, я Пачхьалкхан Думин депутата Делимханова Адама Бузова Ольгица даьхна суьрташ (инстаграмехула Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIан туьканна реклама еш ю царна тIехь Бузова). "ТикТок” – иза шатайпа социалан маша бу, цу чохь кегийрхоша шаьш дахарехь лелор а доцург гойту, боху социалан машанех а, мессенджерех а пайдаоьцучу профессионалийн ассоциацин директора Зыков Владимира. "Хайпан дуьхьа леладо дерриг а. Иштта лелар массарна а тан деза аьлла дац, амма кхета-м мегар ду. Делахь а, социалан машанехь мьарша камелаш дора аьлла, кегийрхой бехкебан ца оьшу. Бакъду, кхетанза дуьсу, хIун ца тайна", – боху Зыковс. Дерриг а дехка Дуьххьара дац Нохчийчуьра Iедал нехан кхетам, цара мел лолориг шен куьйга кIел эца гIертар. Республикехь девнаш лелийна 1ADAT паблик йоьшучаьрца, оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон видео хьовсучаьрца. Тергонна кIел оьцу Iедало политикаца доьзна доцу нехан дахар а. 2019 шарахь хаам баржийра, "кхетош-кхион" лаьцна иллиалархой Аюб а, Асхаб а ВахараговгIар, аьлла. Iедалхойн кхетамехь, "нохчийн синбахаман мехаллаш сийсазйинера" цара. Цул хьалхо культуран министра Дааев Хожа-Бавдис дIахьединера, концерташца, интернетехула гайтамашца наханна хьалха хIуьттур бац лерринчу комиссино магийнарш бен, аьлла.   И шо доьрзуш доьшучуьра дIабехира культуран а, исбаьхьаллийн а колледжан студенташ Баснукаев Мохьмад а, Тепсуркаева Хьалимат а рэперан Миягин "Пропаганда" лакхарна. Официалехь дуьйцу бахьана дара цара мегаш доцчу чоьнаш чохь видео яккхар (низамца ца богIура и сацам, колледж – юкъараллин меттиг ю), амма комментарешкахь билгалделира бахьана, гIиллакхан гIаролехь лаьттачарна гарехь, нохчийн Iадташца ца догIура и тайпа эшарш лекхар. Нохчийчохь Iедало дерриг а шен тергонна кIел кхобу, берийн дахар а тIехь, диктатура ю лаьтташ, боху конфликтийн анализан, царна духьалояран центран директора Сокирянская Екатеринас. "И режим даима а ю нехан дахарна юкъагIерташ, цо керла-керла сфераш хьо шен тергамна буха. Делахь а диаспорашна ца бало оцу Iедале тIеIаткъамаш, ткъа махкахь дерриг а ду цуьнан карахь, цо керла-керла кепаш кхуллу бахархой шена буха хьош. Iедал интернетехула юкъарло лелочу нахана а бан гIертар ду тIеIаткъамаш, гарехь, кхин а совбевр бу", – аьлла хета экспертна.   Сокирянскаяс бахарехь, Iедало шена дастаме хетачу хIуманашца тIом жигара боккху юкъ-кара, тIаьххьарчу шерашкахь цуьнан таIзаршна кIел нисбелла пал туьйсурш, ловзаргашкахь гIиллакх цалардийраш, некъан бакъонаш талхораш. "Юха и компани юьжу, жигаралла лахло цуьнан. Со кхета, дахлур дац социалан машанаш ларбар а. Вукху агIор аьлча, гергарчу заманахь социалан машанаш тергалбарна алссам тIетаIа тарло Нохчийчохь Iедал, леца тарло жигара комментареш язъеш хаабелла нах, видео йоху авторш, камерашна хьалха цаьрга нах шайна къинтIерабахийта тарло ", – боху Сокирянскаяс. Даудов а, Кадыров а, царна мел лаахь а шаьш маьрша бу моттийта, маьрша бац, Кремлна кIел ду церан массо а хIума, ду Хан-ГIаларчу ФСБ-н декъан карахь, боху Венерчу "Ичкерия" культуран цхьаьнакхетараллин декъашхочо, Ичкерин кегийрхойн политикан департаментан куьйгалхочун гIовс лаьттинчу НикIархо Ибрагима. "Социалан машанашкахь евзачу 1ADAT-о а, Тумсос а (Абдурахманов –ред.) аьтто бо Нохчийчохь хуьлуш лаьттачунна Кремль бехке яц боху кхетам чIагIбеш", – аьлла хета цунна. Бехкамашца цхьаьна даьржина лела Нохчийчохь, камераш тIе а хьийсош, нах сийсазбар, цаьрга Iедалхой къинтIера бахийтар. Дуьххьара и тайпа сюжеташ яьржира "Грозный" телеканалехула 2015 шарахь. И тайпа сюжеташ хIинца бIеннал а сов ю. Шуьрра бу "къурд баьхначийн" го а, георгафи а. Оцу таIзарна буха нисвала тарло керт йохийнарг а, нахе я Кадыровга гIодехнарг а, социалан машанехь Iедалхойх шена хетарг аьлларг а, таIзар кхачадо, иза полисхо бен вацахь а, Iедалехь болх бечунна резавацар мел хазош верг. Делахь а, кхочуш ца яло и коьрта Iалашо – халкъе Iедал даздайтар, "нийса доцург ала" муьлхха а вахархо кхерийтар, боху эксперташа. "Нах юьхIаьржа хIиттош долу къинтIерабахарш" Iедало Нохчийчохь шуьйрра даржор тидаме ийцира кхушеран Охан-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Дуьненаюкъарчу динан маршонан Комисино. Бинчу талламан авторша Вашингтоне дийхира Нохчийн Республикан зорбан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш араяхар.

Читайте также

Загрузка...

Загрузка...
Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.



News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей Украине (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектом News24.


Владимир Зеленский в Украине


Светские новости



Сегодня в Украине


Другие новости дня



Все города России от А до Я