Добавить новость
Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019
Июль 2019
Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022
Апрель 2022
Май 2022
Июнь 2022
Июль 2022
Август 2022
Сентябрь 2022
Октябрь 2022
Ноябрь 2022
Декабрь 2022
Январь 2023
Февраль 2023
Март 2023
Апрель 2023
Май 2023
Июнь 2023
Июль 2023
Август 2023
Сентябрь 2023
Октябрь 2023
Ноябрь 2023
Декабрь 2023
Январь 2024
Февраль 2024
Март 2024
Апрель 2024
Май 2024
Июнь 2024
Июль 2024
Август 2024
Сентябрь 2024
Октябрь 2024
Ноябрь 2024
Декабрь 2024
Январь 2025
Февраль 2025
Март 2025
Апрель 2025
Май 2025
Июнь 2025
Июль 2025
Август 2025
Сентябрь 2025
Октябрь 2025
Ноябрь 2025
Декабрь 2025
Январь 2026
Февраль 2026
Март 2026
Апрель 2026
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено

"Нах осалбаьхна кхобу". ГIалгIайчохь полицина тIелатарна – 27 шо

0 394
Магасехь 2019 шеран ГIуран-баттахь некъан полицин ханна тIелатарх долу дов теллинчу Ростоврчу Къилба гонан тIеман кхело 27 шо кхайкхийна набахтехь даккха ГIалгIайчуьрчу 27 шо долчу спортхочунна Имагожев Ахьмадна. Колониаан халачу хьелашкахь токхур ю цо и хан "полисхочун дахарна тIекховдарна а, терроран тобанехь лаьттина хиларна а".


2017-гIа шарера схьа иттех тIелатар дина ницкъхошна Къилбаседа Кавказан федералан гонехь уьрсашца, ткъа Оьрсийчоьнан Iедалхоша динчу дIахьедаршца а догIуш, Кавказехь терроризм эшийна тоххара.


ХатI цхьаъ дуй зуламийн?

2019-чу шеран ГIуран-беттан 31-чохь уьрсаш карахь ши жима стаг тIелетира Магасна чувуллучохь лаьттачу некъан инспекцин ханна. Талламо бахарехь, цара машен тIе тоьхна, вожийна некъаца лаьтта полисхо, цул тIаьхьа тIелетта цуьнан накъосташна. Уллехула тIехволуш хилла полисхо герз детта хIоьттина оцу шинна. Цунна шена а йина уьрсаца яйн чов. Иштта лазийна кхо некъан инспектор, царех цхьаъ кхелхина. ТIелеттачех цхьаъ, Мизиев Микаил, вийна, шолгIаниг, Имагожев Ахьмад, йина чов а йолуш, дарбан цIийне кхачийна


Зулам динччу муьрехь машанашкахула сурт даьржира, Мизиев а, Имагожев а вара карахь уьрсаш а долуш, лаьтташ, царна тIехьа дара гойтуш этIийна Оьрсийчоьнан паспорташ а, магош йоцчу ДАIИШан байракх а. ТIаьхьо даIишхойн тобано шена тIеийцира хилларг, амма дацара далош цхьа а тоьшалла.


ТIаьхьо гучуделира вийна волу Мизиев Микаил ГIалгIайчуьрчу вахархочун Мизиев Мохьмадан гергара хилар. 2017-чу шеран ГIадужу-баттахь Мохьмад а летта Яндарехь некъан инспекцин постанна тIе, бохура. Талламчийн версица, Мизиев Мохьмада а тоьхна хилла машен полисхочунна тIе, тIаккха машена чуьра ара а иккхина, урс диттина шина инспекторна. ТIелеттарг вийна циггахь.




Цул тIаьхьа бутт баьлча, 2017-чу шеран Лахьан-баттахь, оццу Яндарерчу ханна тIелетира ши стаг. Цара молханах юьйлина коьчал эккхийтира, йохийра инспекцин гIишло. Лаххара а 5 Iедалан белхахо лазийра, царех цхьаъ дIавелира дарбан хIусаме кхачавале, ткъа тIелеттарг а велира эккхарехь. Цуьнца хилла шолгIаниг воьлла хилла герз детта, вийна полисхоша.


Зулам дина аьлла, цIерш хазийра Карабулакерчу 21 шо долчу Куштов Исламан а, 27 шо долчу Мурзабеков Мохьадан а. ХIетахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека цхьаьнадоьзна ду, бохура, Яндарехь дина ший а зулам.


 




2019 шеран Дечкен-беттан 24-чу дийнахь дира некъан инспекцина рогIера тIелатар, амма – Нальчикехь. Вевзаш воцу виъ стаг тIелетта хилла машенашка хьуьйсуш Iачу инспекторшна. Вийна цара цхьа полисхо. Инспекторша герзаш диттина вийна кхоъ, воьалгIаниг дIаваьлла дарбан хIусамехь. ТIелетта вий а вара ГIалгIайчуьра.


"Кхеташ дац дуьйцург, ца карайо логика"

Бакъоларъяран "Мемориал" центран (иза арахьара агент лору Оьрсийчохь) ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхочунна Акиев Тимура, кхеташ дац, тIелеттачийн лелар, логика яц цигахь, боху.


И кегий нах чIиръэца арабевлла а ца лелла, амма леларца ду юкъара масех юкъара хIума: уьрсаш карахь хилар, талламан версица, уьш террорхой хилар, массо 30 шо кхачанза хилар – цецвуьйлу Акиев.


Зуламхой цхьана могIара бохуш кхин цхьа битам а бу: цкъа а зуламаш дина нах бац уьш, ца хилла полицин тергамна кIел хьалха, боху бакъоларъярхочо.




Идеологино, лелаш йолчу харцонаша а тоьтту кегий нах зуламашна тIе, аьлла хета Free Russia Fondation цхьаьнакхетараллерчу талламчина Соколов Денисна. "Ша тайпа догдилларан болам" бу ницкъхошна тIелетарш дар, цо тидарехь.




"Нах осалбаьхна кхобу, иштта ду дахар Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. "Iалашонаш яйначийн синдром" олуш термин ю. Кегий наханна дахарехь некъаш цакарор, уьш бацар, сатийсамаш кхачор ду царех доьлларг", — боху Соколовс.


Социалан маьIнехь когахIотта аьтто цахилар, къоьлла даима а йозало радикализацица олийла дац, зуламаллин идеологин хьасташ кхин ю – социалан псхолигица, политикаца, дахарехь хуьлучу тIеIаткъамашца йоьзна хуьлу уьш, чIагIдо конфликтийн анализан, царна дуьхьалояран Центран куьйгалхочо Сокирянская Екатеринас.


Къилбаседа Кавказехь дIаяьхьначу леринчу операцийн хьокъехь хаам баржийра Зазадоккху-баттахь федералан гонерчу президентан векала Чайка Юрийс. Цо бахарехь, 2020 шарахь ницкъхоша 1500 лерина операци дIаяьхьна, вийна 45 тIемало, лаьцна ницкъхошна, маьршачу бахархошна тIелетарш дан кечлуш хилла 113 стаг.


Оьрсийчоьнан куьйгалхоша кест-кеста дIахьедо, Къилбаседа Кавказехь терроран бенаш хIаллакбина, олий, амма оцу юкъанна сих-сиха лелха лиэтарш Iедалхошний, цара террорхой бу олий бозуьйтучу наханий юкъахь. Оцу бахьанашца кхелашка кхуьйлучара даима а санна дIахьедо, шаьш харцонца хьийзадо, шайна тIехь гIело латтайо, олий. Бакъоларъярхоша тидарца, хIоьттинчу оцу хьоло радикализаце дуьгу халкъ.

Читайте также

Загрузка...

Загрузка...
Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.



News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей Украине (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектом News24.


Светские новости



Сегодня в Украине


Другие новости дня



Все города России от А до Я