Мы в Telegram
Добавить новость
< >
Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019
Июль 2019
Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022
Апрель 2022
Май 2022
Июнь 2022
Июль 2022
Август 2022
Сентябрь 2022
Октябрь 2022
Ноябрь 2022
Декабрь 2022
Январь 2023
Февраль 2023
Март 2023
Апрель 2023
Май 2023
Июнь 2023
Июль 2023
Август 2023
Сентябрь 2023
Октябрь 2023
Ноябрь 2023
Декабрь 2023
Январь 2024
Февраль 2024
Март 2024
Апрель 2024
Май 2024
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

"Синтеме хьал ду". Терроризмца къуьйсучу Кадыровн кепашца хIун ца тов

0 1444

Институт СТЭИ при поддержке Комитета общественных связей и молодежной политики города Москвы реализует проект "Вода Москвы"

Армией России уничтожен высокопоставленный офицер ГУР (ФОТО)

Карарчу беттан 15-чу дийнахь шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира, ТIехьа-Мартанан кIоштахь дIаяьхьначу леринчу операцехь гIаттамхойн могIаршкахь хилла Байдулаев Казбек вийна аьлла. Кхузахь тамашен хIун дара аьлча, ши бутт хьалха а вийна аьлла, изза Байдулаев дIакхайкхийна хилар. Байдулаевн сурт а цхьана шен постехь зорбане даьккхинера Кадыровс. Оцу тIехь бечу хаамца, 2012-чу шарера схьа дуьйна лехамашкахь хиллера иза. "Регионера хьал кIорггера тхайн тергонехь латтош ду оха, тхуна хаьа, маса стаг ву лехамашкахь, бух боллуш база ю оха кечйина гIаттамхойх а, церан агIончех а лаьтташ. Нохчийчохь ситуаци маьрша а, паргIате а ю", - дIакхайкхийра Кадыровс. Меттигерчу Талламан комитетан информацица, Байдулаевс граната ластийна хилла ша лаца гIоьртинчу полисхошна тIе. Дийцарехь, бехктакхаман гIуллакх а долийна ницкъаллийн структурийн белхахошна тIелатарна. Нах лечкъор а, Iазапаш а Нохчийчуьрчу Серноводскан кIоштахь йолийначу спецоперацехь вийна Байдулаев Казбек аьлла, кхайкхийра ГIадужу-баттахь. Иштта цуьнца цхьана вийна шаьш бохура, 2013-чу шарахь а вийна аьлла, долийна Борчашвили Рустам а. Къайлахчу сервисийн версица, ший а тIемало вара, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъан могIаршкахь тIемаш беш хилла. "Внимание розыск" телеграм-каналан хаамца, 2016-чу шарера схьа дуьйна Шемахь лелла ву Байдулаев, ткъа карара шо юккъе даьллачу заманчохь Оьрсийчу юхавеанера иза. Бакъоларъяран "Мемориал" центран информацица, 2012-чу шарахь Байдулаев гIаттамхойх дIа а кхетале дуьйна цунна тIаьхьабевллера нохчийн полисхой. Масийттазза лачкъийна вигинера иза, цунна тIехь Iазап латтийнера, цунна кхел а йинера. Дуьххьара, бакъоларъярхоша дийцарехь, лаьцначу Байдулаевна тIехь къизаллаш а лелийна, бехк тIелацийтинера 2008-чу шарахь герзашца болчу нахаца зуламаш лелийна ву аьлла. Оцу бехкаца иза набахте хьажийра ялх баттана. Ша маьршаваьккхина ах шо даьллачу хенахь, 2009-чу шеран Зазадокху-баттахь, юха а лачкъийра Байдулаев. ТIехь ницкъбина, юха а декхаревира иза герз лаьттах доьллина меттиг "гайта", "Мемориална" хетарехь, иза гунахь волуш гIуллакх а ца хиллера иза а. Эххар а, ши шо хан туьйхира Байдулаевна. Хан текхна ваьллачул тIаьхьа, цIа веара иза. Амма, юха а полисхой шена тIаьхьабовла дагахь буйла хиинчул тIаьхьа, къайлавелира иза. 2014-чу шарахь, шайна тIемалой бара аьлла хеттачу нехан гергарчийн хIусамашца цхьана, дагийра Iедалхоша Байдулаевн ден-ненан цIа а. Къийсаман кепаш Байдулаевн кхолламо гойту, Нохчийчохь гIаттамхошца болийначу къийсаман кепаша - Iазапаш, нах лечкъор, хIусамаш ягор - оцу доллучо а мелхо а шоръеш ю террорхойн база аьлла, тешна ву "Мемориал" центран "Горячие точки" программан куьйгалхо Орлов Олег. Цо бахарехь, ГIалгIайчоьнан масало гойту, тIехь ницкъ а ца беш, къайлах лелачу тобанаш эшон гIортаро мел а эвсара ерзош хилар проблема. 2008-2009-чу а шерашкахь тIемалойн карах къаьсттина дукха полисхой бойъура, кхечу республикашца дуьстича, ГIалгIайчохь. Амма, меттигерчу Iедалхоша юкъараллаца диалог йолийча, тIемалошна адаптаци еш комисси а кхоьллича, салафиташ лехар а сацийча, ГIалгIайчоь уггар а маьрша, паргIат мохк хилира Къилбаседа Кавказехь, боху Орловс. "Мемориалан" кхеташонан куьйгалхочунна Черкасов Александрна хетарехь, ГIалгIайчоьнан экс-куьйгалохочо Евкуров Юнус-Бека чолхе, собар оьшуш болх бара дIахьош гIаттамхошца. "Оццу шерашкахь, ГIалгIайчохь маьрша дара, ткъа Нохчийчохь стенгара юьйлу а ца хууш, тобанаш гучуюьйлура, ширачу къайлах леллачу тобанашца йоьзна а йоцуш, хетарехь, кхечу тобанашца къийсам латточу юкъанна, тIехь ницкъбаро яржийна. Масала, 2018-чу шарахь аьхка Шелахь тIелатар хилира. Цигахь динчу тIелатарехь дакъалаьцначу цхьанна тIехь хьалхо Iазап лелийна ма хиллера. Хетарехь, оцу бахьанца ша тоьлар волуш доцу дуьхьало йина хилла хир яра цо. Схьаоьцур вай изза Евкуров, 2009-чу шарахь хиллачу эккхийтарехь лазийра иза. Хетара, цул тIаьхьа цо шога къийсам латтор бу. ХIан-хIа, цо хьеъкалца, йиллинчу къепехь политика йолийра. Амма, тIаьхьа политикан ситуаци шен карара ялийтинехь а", - дIахьедо Черкасовс. Оцу юкъанна Кадыровн политика, Черкасовна хетарехь, кечйина ю динан диссиденташца а, Iедалца ойла цхьана ца йогIучу нахаца а толеранталла янне а йоцучу буха тIехь. Оцо адам дуьхьалдоккху. Цхьа тIемало масийттазза вийна аьлла, дIакхайкхош хьелаш хан хене мел йолу кест-кеста нислуш ду боху анализан, конфликташ эшоран центран директора Сокирянская Екатеринас. Цуьнан дешнашца а догIуш, хила тарло и доьзна тоъал информаци цахиларца я полисхойн белхан логикаца догIуш. Шайн белхан жамIаш дан дезаш хиларна уьш. "Церан шайн дийцаре дуьллург ду. Наггахь белхан жамIаш оьшу. Къаьсттина кест-кеста нисло цу тайпаниг тIемалойн лидершца, я йоккхачу хенахь лехамашкахь хиллачу нахаца, церан маттахь аьлча, "дIаваккха" веза аьлла, юьхьарлаьцначуьнца а", - дуьйцу Сокирянскаяс. Къамел динчо дагадаийтира, "Кавказан Имарат" организацин лидер Умаров Докка 2000-чу шарера схьа дуьйна лерича, 6-7 вийна хилар. Ткъа билггал велира иза 2013-чу шеран чакхенехь, я 2014-гIа шо долалуш. Материалан автор Кавказ.Реалиин автор Абдуллаева Зайнаб

Читайте также

Загрузка...

Загрузка...
Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.



News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей Украине (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектом News24.


Владимир Зеленский в Украине


Светские новости



Сегодня в Украине


Другие новости дня



Все города России от А до Я