Мы в Telegram
Добавить новость
< >
Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019
Июль 2019
Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022
Апрель 2022
Май 2022
Июнь 2022
Июль 2022
Август 2022
Сентябрь 2022
Октябрь 2022
Ноябрь 2022
Декабрь 2022
Январь 2023
Февраль 2023
Март 2023
Апрель 2023
Май 2023
Июнь 2023
Июль 2023
Август 2023
Сентябрь 2023
Октябрь 2023
Ноябрь 2023
Декабрь 2023
Январь 2024
Февраль 2024
Март 2024
Апрель 2024
Май 2024
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

Нохчийн зорбанаш: гIаттамхойн гергарчара неIалт аьлла "Новая газетана"

0 13
Нохчийн зорбанаш: гIаттамхойн гергарчара неIалт аьлла

Эксперт спрогнозировал возникновение конфликта между Россией и НАТО

Армией России уничтожен высокопоставленный офицер ГУР (ФОТО)

Нохчийчохь бехачу гIаттамхойн гергарчара кехат дахьийтина "Новая газетан" коьртачу редакторан Муратов Дмитрийн цIарах, церан газетана неIалт а кхайкхош, официалехь шаьш Iорадаьккхинарг харц а деш, къинтIера даха шаьш аьлла. Iедална муьтIахь болчу хаамийн гIирсаша дIахьедина цунах лаьцна. Хаам барехь, кехатан авторшна новкъадеана, бакъонашларъярхочо Сокирянская Екатеринас "Наш папа в плену" (Тхан дада йийсарехь ву) аьлла, зорбане яьккхина артикл. Цу тIехь цо йовзийтина байинчу тIемалойн, йа террорхойн вовшахтохараллин декъашхойн бисинчу хIусамнанойн а, гергарчийн а истореш а, Iедалан а, ницкъаллин структурийн цаьрца йолу юкъаметтигаш а. "Шу а, шун ерриг редакци а дукха гена девлла шу! Эхь-бехк дайна, шаьш ца кхойкхучу гIерта шу!", - аьлла, долийна ду кехат. Цуьнан авторша чIагIдо, гIаттамхой хиллачийн гергара нах, кхинберш а санна, бехаш бу, полицехь а, пачхьалкхан хьукматашкахь а белхаш а беш бехаш хилар. "НеIалт хуьлда шуна массарна а, нагахь санна, тхан къомана дуьхьал шаьш болийна тIом сацор бацахь! Нохчийн Iедалхошна тхо дуьхьалдаха шун гIертарх гIуллакх хир дац. Цкъа делахь, тхо цунна реза ду, шолгIа аьлча, Iедалехь берш тхан тхешан нах бу  - гергарнаш, коллегаш, доттагIий!", - аьлла ду кехата тIехь. Хаьий-те Муратовна, "масалгIа шо ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун инициативаца даIишхойх биссина зударий а, церан бераш а Шемара цIа бало?", йа "Кадыров Рамзана, шена вен дагахь кIело йинчу нахана а гечдинийла?",  хоьтту цу кехата тIехь. "Оцу нехан гергарнаш, тхо, дуккха а эзарнашкахь ду! ЛадогIалаш - шайн материал зорбане яьккхичхьана, кхин дIа нехан дахарца а, царна хетачуьнца а бала боцуш долу шу, хIоранна а тхуна бIаьрга дан ца деза шун газета а, коьрта редактор волу хьо а, хьан журналисташ а. Тхан цхьаъ бен проблема яц, иза а - тхо маьрша даха ца дуьту шун журналисташ", - яздина кехатан авторша. Шайн кхайкхам берзош, Нохчийчуьрчу бахархоша тIедожийна газетана, артикл зорбанера дIаяккхар а, официалехь цу тIехь яздинарг харцдар а, шайга гечдар дехар а, нагахь санна, хьан газетан белхахочун, ша буьйцучу нахана гергахь хьекъал тоахь, аьлла. Дагадоуьйту, Охан-баттахь "Новая газето" арахецначу материална реза воцучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "къоман мостагI" лерира и зорбан гIирс. ХIетахь язйинчу артиклехь дуьйцура, махкахь лоьрашна медицинан гIирс тоьаш цахиларх а, меттигерчу Iедалхоша карантинан низмаш дохийнарш лоьцуш хиларх а. Журналисто Милашина Еленас яздинера, "Кадыровс массарна а хезаш дIакхайкхийна, изоляцин раж йохон нах террорхой бу, цаьрца къийсам латто беза" аьлла, "цундела шайн цамгарш къайла а хьош, цIахь леш ду адам". Цо дуьйцург харц а деш, Кадыровс кхерамаш тесира Милашинина. Цул тIаьхьа Талламан комитете дIахьединера журналисто, шена кхерамаш тийсарх лаьцна.

Читайте также

Загрузка...

Загрузка...
Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.



News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей Украине (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектом News24.


Владимир Зеленский в Украине


Светские новости



Сегодня в Украине


Другие новости дня



Все города России от А до Я