Добавить новость
Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019
Июль 2019
Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022
Апрель 2022
Май 2022
Июнь 2022
Июль 2022
Август 2022
Сентябрь 2022
Октябрь 2022
Ноябрь 2022
Декабрь 2022
Январь 2023
Февраль 2023
Март 2023
Апрель 2023
Май 2023
Июнь 2023
Июль 2023
Август 2023
Сентябрь 2023
Октябрь 2023
Ноябрь 2023
Декабрь 2023
Январь 2024
Февраль 2024
Март 2024
Апрель 2024
Май 2024
Июнь 2024
Июль 2024
Август 2024
Сентябрь 2024
Октябрь 2024
Ноябрь 2024
Декабрь 2024
Январь 2025
Февраль 2025
Март 2025
Апрель 2025
Май 2025
Июнь 2025
Июль 2025
Август 2025
Сентябрь 2025
Октябрь 2025
Ноябрь 2025
Декабрь 2025
Январь 2026
Февраль 2026
Март 2026
Апрель 2026
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено

ГIело а, "профилактикан тептар" а. Iедална дуьхьал леттачийн доьзалшкара хьал

0 53
Абдуллаева Зайнаб





Анализан а, конфликташна дуьхьалояран а Центро довзийтина Къилбаседа Кавказехь Iедална дуьхьал тIемаш бинчу нехан доьзалшна адаптаци ярца долу хьал. Дагестанерчу а, Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу а 40 зудчуьнгара эцначу интервьюн буха тIехь хIоттийна Центро шен «Кханене – маьрша гIулч?» цIе йолу таллам.


Муха беха тIеман конфликташкахь цIийндай байина я уьш еххачу ханна набахтешна чубохкарна цхьалха бисина зударий а, церан бераш а, теллина тептаран авторша.


"Хиллачу къамелаша гойту, мел боккха Iаткъам лов зудчо майра верца, лачкъорца, чуволларца доьзна. Оцу Iаткъамаша могашалла галъяккхина дукхахболчу зударийн. Дуьххьарчу беттанашкахь шайна хилла вас, дахар маьIна доцуш дисар, дегнаш чу кхерам боссар, гIорасиз хилла шаьш дисар далхадо цара. ЦIийндайх хаьдча, шолгIа маре ца деш, бисина Iачу зударша бахарехь, цаьргахь биллина лаьтта сингаттам, цхьаболучара бахарехь, царна даиманенна а доьхна дуьне, баха гуьнахь доцуш бисина уьш, - боху талламо.


Интервью еллачу зударех ах сов бу биллина бан болх боцуш я хIусам йоцуш. Уьш Iедало лучу социалан гIоьнца беха, гергарчара кхобу, боху документа тIехь. Къамел диначех массех зуда ю Нохчийчьурчу Iедало цхьа а гIо доцуш йитина – уьш бехкебо церан мароша пачхьалкханна дуьхьал тIемаш барна.


Талламо бахарехь, тIемалойх бисинчу а, тIемаш барна набахтешка хьийсийначу а нехан зударшца Iедало лелош долу юкъарло цхьана кепехь бен дац – полицехула. Амма и зIе хIора республикехь а шен башхалла йолуш хуьлу. Оцу маьIанехь гIолехьа го документ хIоттийначарна ГIалгIайчуьра хьал. Оцу республикехь талламчаша ца талхийна тIемалойн зударшкара маройх жоп дехарца низамаш.


Кеп-кепара гайтина Нохчийчуьрчу зударийн оцу категорера хьал документо. «Ницкъхоша шайна Iаткъам бо боху цхьаболучара, вуно йоккха гIело йо, боху кхечара. Цхьана декъо, шаьш ца хьийзадо Iедало, аьлла»


Уггаре дукха тIемалойн зударшна Iаткъамаш бийриг ю Дагестан, Анализан а, конфликташна дуьхьалояран а Центро бахарехь. Цигахь «профилактикан тептар» ду лелаш, дIаязвина махкахь «хенан йохалла экстремист хила тарлуш волу» 16 эзар вахархо. Оцу тептарахь бу Iедална дуьхьал тIемаш бинчу нехан доьзалхой.


"Сан бераш а ду оцу профилактикан тептарахь. Берийн инспектор веанера, кехаташ а дохьуш, шайна тIейола аьлла соьга. Уьш (инспекторш – ред) кест-кеста богIу, хоьтту, гIо оьший шуна. Администраце кхайкхира со кхин цкъа а, изза хоьттура. Ас гIо ца оьшу, аьлла. Оха Iедалера цхьа хIума схьаэцахь, тхох дедоцурш дийр ду, тIаккха диллина бераш зуьйш лелар бу – ца оьшу тхуна и «гIо», аьлла талламбечаьрга цхьана дагестанхочо - Заремас.


Документан авторша дийцарехь, царна моьттучул а хала хилла, таллам беш, бисина Iачу зударшца юкъарло карон. Масала, ГIалгIайчохь дукха зударий реза ца хилла интервью яла, шайна «ца лаьа дIадаьлларг кегон», аьлла цара. Ткъа Нохчийчуьрчу респонденташ ца хIиттина къамел дан, иза шайна кхераме ду, аьлла. Дагестанерчу зударша бен ца дина Анализан а, конфликташна дуьхьалояран а Центрца парггIат къамел.


Документан авторна, юьйцучу Центран куьйгалхочунна Сокирянская Екатеринина хетарехь, республикашкара Iедал кхета, тIемалойх бисинчу доьзалшца ша юкъаметтигаш кхечу кепехь лелон езийла, амма муха уьш хила еза цкъачунна ца хаьа.


"Шеко йоццуш ду Шемара, Иракъера цIабалийначу зударшна, церан берашна реабилитаци эшар. Амма и тайпа программаш яц кхоьллина, цундела бина оха тхайн таллам, довзийтина жамI. Хаьа Iедална, оцу наханна реабилитаци ян езийла, ткъа ца хаьа иза хIун болх хила беза. Цундела аьлла оха пачхьалкхе а, юкъаралле а тхаьшна хетарг. Пачхьалкхо оцу наханна реабилитаци ян ахча ца лахь а, юкъаралло дийр ду царна гIо – амма хаийта деза наханна, иштачу пекъаршна гIодар зуламе доцийла, Iедало шаьш цхьана кхечу «Iаьржачу тептара» бохур боцийла», - элира Сокирянскаяс.


 

Читайте также

Загрузка...

Загрузка...
Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.



News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей Украине (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектом News24.


Светские новости



Сегодня в Украине


Другие новости дня



Все города России от А до Я