Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019
Июль 2019
Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022
Апрель 2022
Май 2022
Июнь 2022
Июль 2022
Август 2022
Сентябрь 2022
Октябрь 2022
Ноябрь 2022
Декабрь 2022
Январь 2023
Февраль 2023
Март 2023
Апрель 2023
Май 2023
Июнь 2023
Июль 2023
Август 2023
Сентябрь 2023
Октябрь 2023
Ноябрь 2023
Декабрь 2023
Январь 2024
Февраль 2024
Март 2024
Апрель 2024
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Поиск города

Ничего не найдено

Кадыров: "Мухха а совцийна а, вай совцо беза уьш"

0 417
Кадыров:

Армией России уничтожен высокопоставленный офицер ГУР (ФОТО)

В Подмосковье рассказали о дорожной обстановке в регионе утром 23 апреля

Филиппович Екатерина Стенна туьйсу Кадыров Рамзана "сий бехдечарна" кхерамаш? Ишта хаттар дира "Кавказ.Реалиино" эксперте «Грозный» телекомпанино кху деношкахь шен хаамийн программехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан гайтира интернетехула шен а, шен гонан а «сий бехдечарна» лоьш. «Эладитанаш даржораш», «маьттаза хIуманаш яздийраш» хIалакбан беза, бохура цо. (Кхузахь а лахахь а Кадыровн къамел ма-дарра довзуьйту редакцино). "Барт галбоккхуш лелаш йолу хIуманаш юккъехь, питанаш, эладитанаш, юьйцуш йолу хIуманаш, уьш вай яйина а, чуйоьхкина а, кхерийна а, совца ца йой и хIуманаш, вайн цунах цхьа а агIо хир яц. Честь, совесть задевать еш болу нах, дуй хьуна, их надо уничтожать, боху ас, кхетий хьо, хьокху дуьне сийна цIарах даьгчи а, хIокху дуьненахь мел долу закон галдаьккхичи а, честь задевать дина стаг мичахь вуьтур ву? Дели доьссинчу Делан шина Дела Къуранора вуьтур вац-кх, дуй хьуна, хIокху, ас боху, хIокху дерриг а дуьненахь мел йолу наказани тIеоьцур ю-кх ас, дуй хьуна, на таран тIом бар гIоле ма ю, дуй хьуна, и яздечуьнца, цIеллиг-цкъа а простить вийр ма вац ас, цIеллиг-цкъа а. Закон муьлхарг ду? Закон, конституци, демократи – это есть благополучие населения, дац, дуй хьуна. Ахьмад-Хьажас,  вайн цель – благополучие населения ю аьлла».  Иштта ю Кадыровс кхайкхийна кхел. Ткъа шена а, шегарчу Iедална а резабоцуш, интернетехь лоьчарна ша-тайпа тохку цо цIерш: «…Аферисташший, предательшший, эладитанчаш, шизофреникаш, вукхара, вукхара лелош йолу хIуманаш, уьш разных мастей ю, уьш совцо езаш ю». ХIинца Кадыровс дина къамел – иза цо шена товш йоцу информаци дIалакъош бечу белхан цхьа жима дакъа бен а дац. Яхначу бIаьста «Нохчийчоьнна, Оьрсийчоьнна дечу идеологин тIелетаршна дуьхьалояр чIагIде», аьлла, «Грозный» телекомпанин директоре Дудаев Ахьмаде  мехкан куьйгалхочо, и болх марсабаккха ши бутт хан а луш. Кху гурахь Дудаевс Нохчийчуьра хаамийн гIирсаш юхакепатуьйхира, церан компанеш шор а еш. Иза цо дира «Интернетехула бакъйоцу информаци яржош лелачу зуламхошка регионера хьал талха ца дайтархьама». Кадыровна дуьхьал, я цуьнан идеологица ца догIург, мел иза Оьрсийчоьнан низамашца догIуш нислахь а, яздан ваьхьинчунца къийсаяла араяьккхира мехкан пресса. Оцу новкъахь махкарчу Iедало бечу белхан коьрта билгало ю нах «Грозный» телеканалехула кIера хила, шаьш аьллачух дохкобовла декхаребар – и тайпа сурт доцуш ца йоьрзу телекомпанин эфир наггахь а (къоман политикан министра Умаров Жамбулата оцу гIуллакхна лерина шатайпа рубрика юкъаяккхар хьийхира шо хьалха, амма яккханза йисира). Шена къинтIера даьхна къам Кадыровга сагIа дехначара, Европерчу гергарчара «хьаштдоцург» дийцарца шаьш юьхьIаьржа хIиттийнийла хаийтина бахархоша, комментареш язъярна белхийна дуккха а кегийрхой, божаршка дохкобовлар хазадайтина газ лучу компанина вониг аларна, я шайн йоIарий маре боьлхуш, царна уллехь нисбаларна – телегойтийлехула «къурд» мел алийтинарг вагарвина а девр дац вай. Иштта ду Нохчийчуьрчу Iедалан пропагандин хатI. Кадыров Рамзана кхерам тесира комментаторшна Дагестанца долчу дозанна гонах къовсам иккхинчу муьрехь, массех бутт хьалха. «Мотт ларбе, пIелгаш шайн ларде. Ца дахь, оха кегдийр ду пIелгаш, бухабоккхур бу мотт», - элира хIетахь хьаькамо. «Анализан а, конфликташ йийшоран а центран»  директорна Сокирянская Екатеринина гарехь, наханна «байа», «чубохка» кхерамаш тийсар – иза деккъа дIа оппоненташца къовсавалар дац Кадыровн, нохчашца доьзна мел дерг, гонах а, гена а, шен долаэца лаар ду. "Гочдаро къамел ма-дарра довзийтинехь, еш кхел а йоцуш, нах хIаллакбаре бина кхайкхам бу иза. Шен ойланца ца йогIу ойла хьаша аравалар а дац иза – Нохчийчохь янне а яц Кадыровца гарайолу ойла. Иза цигахь, шен орамца цхьаьна, бухаяьккхина тоххара», - аьлла го хьал Сокирянскаяна.   «Сий бехдечаьрга» Кадыровс дуьйцург уьш кхерорхьама дуьйцу, аьлла хета экспертна. "Кхетамна дуьхьаллаттар – иза авторитаризм ю, ткъа Нохчийчоь тоталитаран анклав ю. Нохчийчохь а, цул арахьа а йолу информацин хьостанаш куьйга кIел латто гIертар ду иза – тIекхочехь боцу нах кхеро гIертар», - боху Сокирянскаяс.

Читайте также

Загрузка...

Загрузка...
Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.



News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей Украине (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектом News24.


Владимир Зеленский в Украине


Светские новости



Сегодня в Украине


Другие новости дня



Все города России от А до Я