Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019
Июль 2019
Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022
Апрель 2022
Май 2022
Июнь 2022
Июль 2022
Август 2022
Сентябрь 2022
Октябрь 2022
Ноябрь 2022
Декабрь 2022
Январь 2023
Февраль 2023
Март 2023
Апрель 2023
Май 2023
Июнь 2023
Июль 2023
Август 2023
Сентябрь 2023
Октябрь 2023
Ноябрь 2023
Декабрь 2023
Январь 2024
Февраль 2024
Март 2024
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

Карахь, "Хинкал – сан безам" плакат а долуш, гIур ву со кхеле

0 429
Карахь,

Московская область - Изготовление металлических навесов

Армией России уничтожен высокопоставленный офицер ГУР (ФОТО)

Филиппович Екатерина Гулам болабойла ца хилла дагестанхойн – ида дезна тIаьхьаяьллачу полицех "Хьалхарчу Майн демонстрацеш" дага а лоцуш, политиках хьакхалуш  йоцу лозунгаш а карахь , самукъанечу духаршца, "Монстраци" олу барамаш дIабаьхьира Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь кегийрхоша Стигалкъекъа-беттан" 1-чу дийнахь. Оцу боламах дIакхета гIоьртира Дагестанера жигархой а. Амма аьтто ца белира. 8 декъашхо лаьцна ХIинжа-ГIаларчу Монстрацехь. Царех ялханна кхело бехкедина бакъойоцчу гуламехь дакъалацар. Ткъа бараме баханчара дийцарехь, жигархой ца кхиина ур-атталла шайгара плакаташ хьаладаха а – полисхоша дIадаьхна, этIийна декъашхой йиллинчу метте, гIалин юккъе, дIа а кхачале. Монстраци – иза театран кепехь, карнавалан битамашца, карахь политикаца бозуш боцу кхайкхамаш а болуш, нах дIасабуьйлало барам бу. Дуьххьара йоьллера ХIинжа-ГIала Оьрсийчохь кест-кеста хуьлучу Монстрацех дIакхета. Даймехкан хьокъанна, иза тоьлла регион хиларе сатуьйсуш, "Make Dagestan Great Again" ("Ейша Дагестан юха а сийлахь") плакат карахь дерг а тIехь лелийра полисхоша эккхийна, дуьйцу акцин декъашхоша "Кавказ.Реалиига". Стенна ца магийра? Монстраци ХIинжа-ГIалахь яйта аьлла, Iедале чуделла дехар дисира кхочушданза, гIали чохь кхерамзалла хIоттол полисхой бац арабаха, дара жоп. Мэри кхеле елира жигархоша, цигахь аьлларг хIара дара: кхо де далале бовзийта безара мэрино шуна шен сацам, амма цо иза ца дина оцу кхаа дийна чохь! ЖамI – 15 эзар соьманна гIуда тоьхна Монстрацин хьалханчина Сираждинова Райсатна, кхечу пхеаммо токхур ду итт-итт эзар сом гIуданаш. "Акци хIоьттина а яц. ГIуданаш деттар – полисхойн фантази ю. Суна тIеяздина ас дина а доцу плакат, кхин стаг ву иза кечдинарг. Цхъаьнгахь дара, масала, деккъа цIена кехат, ткъа полицино хIоттийначу документо бахарехь, тIехь йоза а долуш хилла иза", дуьйцу юриста Исмаилов Марата. Йолаялале йоьхначу Монстрацехь кхиазхой а бара, уьш плакаташ схьаделла а кхиале лаьхкира, дуьйцу кхечу жигархочо. "Вайн ГIала" проектан жигархо ю Анохина Светлана. "Со барам болалуш, 11 сахьт даьлча, кхечира гIалин юккъе. Соьга сан йоIа дехнера плакаташ шена тIекхачор. Такси а лаьцна, яхара со, амма гуш дара, плакаташ хьаладаха йиш хир йоцийла – гобаьккхина, хIайт-аьлла хьийзара полици", элира цо "Кавказ.Реалиига". Анохинас дийцарехь, гIенташ тIехь хевшина Iачу берашна тIе а оьхуш, хьерчийна, церан карахь гуш долу кехаташ схьа а дохуш, этIадора ницкъхоша, кегийрхой кхиина а бац шайгара йозанаш дIасагайта. "Iедало магийна йоцу акци яра иза. Жигархоша дехар динера, амма ца магийнера дIаяхьа. Полисхоша низамехь бина шайн болх, и ду-кха сан шуьга ала", жоп делира бохийначу бараман хьокъехь "Кавказ.Реалиис" динчу хаттарна Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан информацин а, юкъараллица зIе латточу а декъан куьйгалхочо Гариева Гаянас. Барамера дIа а вигина, гIуда такха тIедоьжначех ву юрист Исмаилов Марат. Полисхоша шайн болх низам а ца талхош бойла хьажа вахара ша Монстраце, чIагIдо цо. Иза а, таIзар лайнчех волу кхин пхи стаг а дагахь ву шайна гIуданаш тохар кхеле даккха. "Йист яккха еза Iедалхоша лелочух" Стохка гурахь скандал яьржира ХIинжа-ГIалахь AniDag аниме-фестивал хIоттор бахьана долуш. Дуккха а кхиазхой бара оцу бараман декъахь, Монстрацехьчул а башха, цигахь а яцара гуш политикан лозунгаш. Деккъа дIа, гулам беш шайна цатарна, дуьхьалбевлира хьакамаш. "ХIинжа-ГIаларчу аниме-фестивалехь а бара кхиазхой, цунна а дуьхьалхилира полици. Полицин амалехь ду дуьхьалхилар", - боху Анохинас. Исмаиловна хетарехь, хIун хир ду цахааро кхерам латтабо хьаькашкахь. "Уьш боьлла, гуламхошкахь социалан я политикан протест ган. "Суна дукха деза цицигаш" аьлла дара цхьаьнгара плакат, мичахь ю кхузахь политика? Карахь, "Хинкал – сан безам" плакат а долуш, гIур ву со сайна ечу кхеле. Со пикет я митинг еш верг хуьлий? Йист яккха еза Iедалхоша лелочух", - дуьйцу Исмаиловс. "Кавказ.Реалиица" къамел динчу "Конфликташ тидар а, уьш юхаяхар а" Центран куьйгалхочунна Сокирянская Екатеринина гарехь, плакаташ схьадиллина хилла а доццушехь, ХIинжа-ГIалахь гIуданаш деттар Оьрсийчуьрчу ницкъхошна а, кхелашна а магийна ду. "ГIалин дайша акци дIаяхьа дихкина хилахь, цига боьлхурш лоьцу, гIуданаш детта. Юьхьанца цхьа ГIалгIайчоь яра и таIзар цадийриг, хIинца олийла дац оцу махках а ишта. Монстраци йохийначу меттигерчу Iедална ца буьсу кхин некъ – лакхара охьадоуьйту цаьрга омра, ма магаде, олий, -чIагIдо эксперто. "Беламе а, белхаме а ду хилларг. Берех къахета. Уьш дуьххьара нислуш бу Iедалан шогаллина кIел, полицин къизаллина кIел, …ишта ю-кх хIара пачхьалкх. Суна хетарехь, мэрино а, полицино а шайн монстраци дIаяьхьина. Берашка иза цадайтина, иза-х бацарий беккъа дIа самукъаненна гулбеллачу нехан барам бен", даггахьбалламца мах хадийра ХIинжа-ГIалахь хиллачун Анохинас.

Читайте также

Загрузка...

Загрузка...
Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.



News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей Украине (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектом News24.


Владимир Зеленский в Украине


Светские новости



Сегодня в Украине


Другие новости дня



Все города России от А до Я