Мы в Telegram
Добавить новость
< >
Декабрь 2014
Январь 2015
Февраль 2015
Март 2015
Апрель 2015
Май 2015
Июнь 2015
Июль 2015
Август 2015
Сентябрь 2015
Октябрь 2015
Ноябрь 2015
Декабрь 2015
Январь 2016
Февраль 2016
Март 2016
Апрель 2016
Май 2016
Июнь 2016
Июль 2016
Август 2016
Сентябрь 2016
Октябрь 2016
Ноябрь 2016
Декабрь 2016
Январь 2017
Февраль 2017
Март 2017
Апрель 2017
Май 2017
Июнь 2017
Июль 2017
Август 2017
Сентябрь 2017
Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018
Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018
Август 2018
Сентябрь 2018
Октябрь 2018
Ноябрь 2018
Декабрь 2018
Январь 2019
Февраль 2019
Март 2019 Апрель 2019 Май 2019 Июнь 2019 Июль 2019 Август 2019 Сентябрь 2019 Октябрь 2019 Ноябрь 2019 Декабрь 2019 Январь 2020 Февраль 2020 Март 2020 Апрель 2020 Май 2020 Июнь 2020 Июль 2020 Август 2020 Сентябрь 2020 Октябрь 2020 Ноябрь 2020 Декабрь 2020 Январь 2021 Февраль 2021 Март 2021 Апрель 2021 Май 2021 Июнь 2021 Июль 2021 Август 2021 Сентябрь 2021 Октябрь 2021 Ноябрь 2021 Декабрь 2021 Январь 2022 Февраль 2022 Март 2022 Апрель 2022 Май 2022 Июнь 2022 Июль 2022 Август 2022 Сентябрь 2022
Октябрь 2022
Ноябрь 2022
Декабрь 2022
Январь 2023 Февраль 2023 Март 2023 Апрель 2023 Май 2023 Июнь 2023 Июль 2023 Август 2023
Сентябрь 2023
Октябрь 2023 Ноябрь 2023 Декабрь 2023 Январь 2024 Февраль 2024 Март 2024 Апрель 2024 Май 2024
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

Поиск города

Ничего не найдено

Украинан дозанашна чугIорта йолаелла Оьрсийчоь. Коьртаниг

0 42
Украинан дозанашна чугIорта йолаелла Оьрсийчоь. Коьртаниг

В Ивано-Франковске и области прогремели взрывы

Фотопрогулка по советским городам

В подполье рассказали об ударах по военным объектам во Львовской области и в Киеве

На Прикарпатье будут судить чиновника ТЦК, взявшего на фиктивную службу футболистов

Чиллан-беттан 24-чу буса тIеман шуьйрачу масштабехь Украинан дозана чугIоьртина Оьрсийчоь. Сепаратистийн Донбассерчу республикийн кIошташкахь украинхойн ницкъаша лаьцначу позицешна тIелетта артиллери, ракеташца а, хIаваан а тохарш дина тIеман инфраструктурана а, аэродромашна а, пачхьалкхан дуккхаъчу ПВО-н гIирсашна а, иштта Iаьржа хIордан йистехь а, Киевна гергахь а. "Леррина тIеман операци ю" аьлла хуьлучух президенто Путин Владимира. Оьрсийн эскарш Донбассан сепартистийн республикашка чудалийна хиларх тоьшалла гучуделира Чиллан-беттан 24-чу. Оцу хенахь, Американ иччархойн урхаллан хаамашца, Оьрсийчоьно Украинан дозане оьзнера мел лахара а 150 эзар тIемало, цуьнан доккхаха долу дакъа тIом балун оьрсийн ницкъаш бу. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вистхилира телевизионехула къоме. Цо дIахьедира, ша "кхерамзаллехь ю аьлла ца хета Оьрсийчоьнна", "кхузаманарчу Украинан дозанашкара" гуттар а кхерам латтарна. Цуьнца доьзна цо сацам тIеэцнера "леррина тIеман операци дIаяхьарх". Цо дIахьедира, цуьнан Iалашо Украинан "демилитаризаци" а, "денацификаци" а ю аьлла. Оьрсийчоьнан операцин юьхь Чиллан-беттан 24-чохь сатоссуш ракеташца а, кеманца а тохарш дира йоллу Украинан дозанашкарчу объекташна – малхбалерчу Донецкан кIоштара малхбузера Ивано-Франковске кхаччалц. Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедо, "украинхойн авиацин йоллу инфраструктура хIаллакхъярх" а, ПВО эшорах а. Киево – оьрсийн дохийначу ялх кеманах а, цхьана беракеманах а. Бозуш боцчу хаамашкара оцу информацина тоьшалла каро аьтто хилла бац. Украинхойн дозанхойн урхалло хаамбира, оьрсийн эскарш Украинан малхбалерчу Харьковскан а, Луганскан а кIошташкара а, Киеве воьдучу Черниговскан а кIоштара дозанаш хедош ду аьлла. Иштта хаамбо, аннекси йинчу ГIирман агIора тIегIертачу тIеман техникан коврах а. "ЛНР" олучу республико дIахьедина, Украинан тергонехь йолу Счастье гIала а, Луганскан кIоштан агIорара Луганская станица а дIаяьккхина бохуш. Украинхойн эскарша и бакъ ца до. Кхинйолу яккхий нах беха пункташ дIалецарх цкъачунна бина хаам бац. Украинан Iедалхоша дIахьедо, маьршачу бахархошлахь баларш ду аьлла. Эскархойн могIарех хиллачу эшамех а официалан информаци яц. Дуьненан юкъараллина хетарг Гурахь дуьйнна Вашингтоно дIахьедора, Москва чугIорта кийча хиларх. Малхбузен пачхьалкхаша тIедожийра Украинана а, Оьрсийчоьнна а охьа а ховший, барт бе, "шуна дагахь а доцчу кепара" санкцеш Москвана дуьхьал кечъеш хиларх, дIа а хоуьйтуш. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Джо Байдена дIахьедар дина оцу юккъехула, Оьрсийчоьно лелориг дуьнене а емал дойтур ду ша, иштта еариндийнахь ООН-н кхерамзаллин Кхеташонан цхьанакхетарехь а цхьаьна бохуш, дIа а кхайкхош. Британин премьеро Джонсон Бориса дIахьедира, "Украинехь хуьлучу ирчачу хиламех цецваьлла" ша аьлла, цо дош делира Оьрсийчоьнна "хадаме жоп" дала. Евросоюзан дипломатин куьйгалхочо Борредь Жозепа дIахьедира, Москвана дуьхьал керла санкцеш яхарх. "ШолгIа Дуьненан тIом хилчхьана уггар вон заманаш ю Европехь" элира цо хуьлуш долчух. Еврокомиссин урхалхочо Урсула фон дер Ляйена чIагIо йира, тахханехь Москвана дуьхьал санкцеш кхайкхор ю аьлла. "Катоххий тIелетар сацаде" аьлла, кхайкхамбина Путине Макрон Эммануэла. Харжамашкахь дуккха а фальсификацеш лелорна, дуккхаъчу пачхьалкхаша президент санна тIе ца оьцучу Белоруссин лидеро Лукашенко Александра дIахьедина, тIелата там бу аьлла, Украинан куьйгалле дIахаийтина дара, амма "гIулчаш ца йира" цара, ца хилийта аьлла. Китайн МИД-о дIахьедина, шина а агIоне "собаре хила", "хьал карара ца далийта хьовса" аьлла, кхайкхамбеш. Биржийн реакци Чиллан-беттан 24-чохь Iуьйранна, долларан мах 90 соьме, еврон мах 102 соьме хьалабаьлча, Москварчу а, Санкт-Петербургерчу а биржаша сацийра духкучуьра. Массо а оьрсийн компанеш яйъелира Чиллан-беттан 24-чу Iуьйранна. Дукханхьа дожар ши хьаьрк йолуш ду. Мосбиржан индекс охьайоьжна 11 процентна. Нагахь санна, Украинана чугIортахь, Оьрсийчоьнна дуьхьал йохур ю аьлла, керла, шога санкцеш яхарна инвесторш кхоьруш бу. Москварчу хенаца итт сахьт даьллачу заманчохь Мосбиржехь юха а дохка долийра. 10 сахьт цхьа цхьа секунд яьллачу хенахь дукхахйолчу "сийначу фишкийн" мехаш 28 процентна охьадевлира. Лондонехь Оьрсийчоьнан акцеш 70 проценте охьаевлла. Дуьненан биржашкахь а котировкаш охьэгаш ю. Украинана чуьра реакци Оьрсийчоь чугIорта масех сахьт дисинчу хенахь Украинан президент Зеленский Владимир вистхилира Оьрсийчоьнан бахархошка аьлла. Цо бахарехь, телефонехула къамел дан гIоьртира иза президентаца Путинца Чиллан-беттан 23-чохь, амма вукхо жоп ца делира. "Шун хаамашкахь йолу Украина а, баккъал йолу Украина а тайп-тайпана ши пачхьалкх ю", - элира цо. "ТIелетачу хенахь шуна тхан яххьаш гур ю, тхан баккъаш гур дац", - дIахьедира Зеленскийс. Шен къамелехь Украинан президенто дIахьедира, оьрсий а, украинхой а кеп-кепара бу, амма иза бахьана дац мостагIий хила. "Шуьга боху, тхо – нацисташ ду, нацизм эшорехь 8 миллион стеган дахар дIаделла къам хуьлийла дуй нацизмехьа", - дIахьедира Зеленскийс, шен деда- ШолгIачу Дуьненан тIеман ветеран дагалоцуш. "ХIара латта тхан ду, тхан истори ю, стенна тIом бийр бу аш, хьанца?", - элира цо. Украинан МИД-н куьйгалхочо Кулеба Дмитрийс еариндийнахь кхечу пачхьалкхашка кхайкхамбина, Москвана дуьхьал санкцеш чIагIъяр а, Киевна тIеман а, гуманитаран а, ахчанца а гIо доьхуш. Оьрсийчоьнца дипломатин юкъаметтигаш йохорах дIахьедина Украино. Де хьалха эвакуаци йира оьрсийн дипвекалтийн персонална. Шайн белхан меттигашкахь ду шаьш аьлла, дIахьедина министраша а, парламентан куьйгалло а. ТIемаш болабеллачул тIаьхьа Зеленскийс тIеман хьолан раж кхайкхийра махкахь. Украинхойн президенто чIагIо йина, хIора сохьташкахь конфликтах лаьцна хаамаш бан, кхайкхамбина бахархошка, доха ма доха аьлла. "Путина Украинаца а, доллу демократин дуьненца а тIом болийна. Вайн пачхьалкх а, вай мел динарг дохо лууш ву иза", дIахьедина политико.

Читайте также

Загрузка...

Загрузка...
Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.



News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей Украине (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектом News24.


Владимир Зеленский в Украине


Светские новости



Сегодня в Украине


Другие новости дня



Все города России от А до Я