Добавить новость
Март 2014Апрель 2014Май 2014Июнь 2014Июль 2014Август 2014Сентябрь 2014Октябрь 2014Ноябрь 2014Декабрь 2014Январь 2015Февраль 2015Март 2015Апрель 2015Май 2015Июнь 2015Июль 2015Август 2015Сентябрь 2015Октябрь 2015Ноябрь 2015Декабрь 2015Январь 2016Февраль 2016Март 2016Апрель 2016Май 2016Июнь 2016Июль 2016Август 2016Сентябрь 2016Октябрь 2016Ноябрь 2016Декабрь 2016Январь 2017Февраль 2017Март 2017Апрель 2017Май 2017Июнь 2017Июль 2017Август 2017Сентябрь 2017Октябрь 2017
Ноябрь 2017
Декабрь 2017
Январь 2018
Февраль 2018
Март 2018Апрель 2018
Май 2018
Июнь 2018
Июль 2018Август 2018Сентябрь 2018Октябрь 2018Ноябрь 2018Декабрь 2018Январь 2019Февраль 2019Март 2019Апрель 2019Май 2019Июнь 2019Июль 2019Август 2019Сентябрь 2019Октябрь 2019Ноябрь 2019Декабрь 2019Январь 2020Февраль 2020Март 2020Апрель 2020Май 2020Июнь 2020Июль 2020Август 2020Сентябрь 2020Октябрь 2020Ноябрь 2020Декабрь 2020Январь 2021Февраль 2021Март 2021Апрель 2021Май 2021Июнь 2021Июль 2021Август 2021Сентябрь 2021Октябрь 2021Ноябрь 2021Декабрь 2021Январь 2022Февраль 2022Март 2022Апрель 2022Май 2022

Поиск города

Ничего не найдено

"Кадыровх кхоьруш бац Украинехь". Киевн эксперто дуьйцу Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьжначу пиарах

022

Прямая трансляция RCC Boxing 20: Туков — Велесов. Смотреть онлайн

Северный поток: «Варяг» — скандинавский эпос, в котором крошка сын в отца пошел

Эрдогана уговаривают всей Европой

Прямая трансляция ACA 139. Смотреть онлайн

Украинан дозана тIехь тIом боьду доьалгIа кIира а ду. Оьрсийчоьнан агрессин коьрта рупор хилла вуьсуш ву Кадыров Рамзан. Денна аьлча санна, социалан машанашкахь кхерамаш туьйсу цо украинхойн тIемалошна, шогачу кепехь вистхуьлу украинхойн Iедалхошка, президенте Зеленский Владимире а, барзакъца эскархой гойту, цо бахарехь, "цIоганчех а, нацистех а Украина дIацIанъян" кийча болу. Хьалхо Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша дог догIуш пайдаоьцура цуьнан эмоционале постех. Савва Михаил – профессор ву, политикан Iилманийн доктор ву, украинхойн экспертийн "Сова" центран куьйгалхо ву, украинхойн бакъоларъяран "Центр гражданских свобод" экспертийн кхеташонан декъашхо ву. 2015-чу шарера схьа дуьйна Украинехь мухIажаран статусехь ву иза. ТIом болабеллачул тIаьхьа Савва висина Киевн кIоштахь тIемаш боьлхучу меттигехь, цигахь тIеман зуламаш дIаяздеш, белхаш беш ву иза. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо дийцира Оьрсийчоьнан пропагандехь Кадыровн декъах а, цуьнан кхерамаш Украинехь муха тIеоьцу а. – Украинана агресси йинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна леррина терго латтош ю зорбанан гIирсашкахь а, социалан машанашкахь а къаьсттина "кадыровхоша" Оьрсийчоьнан эскаран могIарехь тIамехь дакъалацарна. Дуьйций цунах лаьцна Украинехь? – Оьрсийчоьнан пропагандо кадыровхоша дакъалацарна тIехь къаьсттина терго латтор, гуш ду, иштта украинхошна а цхьана. Путинан рожо Оьрсийчоьнан юкъараллин амалш гойтуш, уьш Украинана а, украинхойн юкъараллина а тIехьерчор хета суна. Уьш [Кремлехь берш] ца кхета, Оьрсийчоьнна а, Украинана а юкъарчу башхаллех. Дуккхаъчу шерашкахь Оьрсийчохь нах бехказа буьлуьйтуш, царна тIаIзар дечу Кадыровн васт культ хилла дIахIоьттина, Кремлан пропаганда тешна ю, кхузахь а цуьнан дакъалацар чулацаме, пайден хир ду аьлла. Ткъа, Оьрсийчохь Кадыровх а, кадыровхойх а билггал кхоьруш белахь – дагалаца мегар ду Кадыровна хьалха къурд аьлла дуккхаъ болу меттигаш, шайлахь кхечу регионашкара депутатийн а, хьаькамийн а бехказабийларш а долуш – амма Украинехь цуьрриг а кхерам бац Кадыровх йа цуьнан гонах. Кхин цкъа а билгалдоккху, оцу кепара Оьрсийчоьнан пропагандо кадыровхойн тIамехь дакъалацаран тергояро гойту, шаьш стенна юкъа гIоьртина оьрсийн элита кхоччуш кхеташ цахилар. – Кадыровс массарна а хезаш украинхойн эскархошна кхерамаш туьйсу. Украинехь муха тIеоьцу и кхерамаш? - ХIаъ, бакъду, Кадыровс денна бохург санна украинхойн эскарна, Зеленскийна кхерамаш туьйсуш, ша "йистйоккхур ю" Украинаца бохуш, зорбане йоху посташ. И кхерамаш тIеоьцу Украинехь "схьа а волий, хьажа" бохучу принципехь. Дукха хан йоццуш хаам баьржира, Кадыров Украинехь ву аьлла. Информаци тIе ца чIагIйира. Амма, мухха делахь а, Кадыров ван тарло бохучу хаамо цхьа а кхерам ца беара. Оцу кепарчу дIахьедаршна жоп ду Оьрсийчоьнан агрессина ен дуьхьало чIагIъяр. Кадыровн кхерамех ийза ца ло, ткъа жоп луш билгалонан хIуманаш леладо. Масала, дика евзаш ю, украинхойн эскархочо шен Калашниковн автоматан патармашна хьакхийн мохь хьоькхуш, яьккхина видеоролик. Цо кхетадо, оцу хIоъ-молхех лийр болу кадыровхой ялсамане кхочур бац бохуш. И бохург хIун ду, Оьрсийчоьнан пропагандина дуьхьалояран символика санна даьржина Украинехь.   – Шен дIахьедаршца Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан тIелатарехь шолгIа ша волуш санна гойту. Хьуна хетарехь, пиар-акци ю иза, йа Кремлехьара кхероран дакъалг ю? – Путинал тIаьхьа Оьрсийчоьнан агрессин шолгIа юьхь шен хилар гайта гIерта Кадыров билггал. Ма-дарра аьлча, иштта ма дац иза. Кхузахь вайна гуш ю Кадыровн шен пиар а, иштта Путинан рожан пиар а. Оьрсийчоьнан пропагандо жигара пайдаоьцу Кадыровх кхероран элементах санна. Амма, ас ма-аллара,  церан кхетам бац Оьрсийчоьнан а, украинхойн а юкъараллашна юкъарчу башхаллех, Украинехь кхерорах гIуллакх ца хуьлу. Стенна коьрта ю шена Кадыровна пиар? Иза тIеман стаг ву, иза ницкъбен стаг ву. Тахана ша марзвеллачу агрессин а, конфликтан а хьелашкахь ву иза. Цунна кхин хIуммаъ а хууш дац, муьлххачу ницкъбарна тIехь пиар лелайо, оцу стеган амалан агIо ю иза. Нах байъа а, нахера схьаяккха а хаьа цунна. Дагадаийтича тоаме хир ду, Оьрсийчоьнан Федерацино дуккха а шерашкахь Кадыровна шенна латтон ясакх, цунах Нохчийчоь юх-юха а тоеш ю цо. Кхеташ хила деза, массо а нохчашна дика деш иза цахилар, Кремлера цо ясакх эцар а, ницкъабаран элемент ю. Украинерчу тIамо дукхазза совъяьхна цуьнан тоьлла пиар ян таронаш. Кадыров хIума кхуллург вац, иза хIаллакдархо ву. ТIамо хIума хIаллакдо, оцу фонехь товш иза. – Хьуна хетарехь, шен "къамелаш дарехь" Нохчийчоьнан куьйгалхо дагаволий Кремльца, йа шена хеттарг лело маьрша ву иза? – ХIора шен дIахьедар, социалан машанехь хIоттон пост дага а волуш, зорбане цо йоккху аьлла, ца хета суна. Украинехьа а, украинхойн къомехьа а оьгIазе агресси йолчу Кремлан юкъарчу политикан хоршахь лелаш ву иза. Вуьшта аьлча, карарчу хенахь Кремлан пропагандана хетарехь дерриг а аьлча санна магош ду. Логикехь ма ду – цара Украинан бахархой ракеташца, бомбанашца, хьежош градаш йетташ, бойъуш хилча, хIунда ца мега царна къиза дIахьедарш дан? Цаьрга хаьттича, мегаш ду дера. И ду-кх Кадыровс дийриг а. – Оцу кепашца гIертий-те Оьрсийчоьнан Iедалхой Украинана тIелатарна юьстах биса – зорбанан гIирсашкахь Оьрсийчоьнан эскаран декъехь болчу кадыровхошна сил чIогIа пиар а еш? – Украинана динчу тIелатарна юьстах хуьлийла дац Оьрсийчоьнан Iедалхой. Церан дагахь дерг кхин хила тарло, дикка хьаьжча. ТIелетта хьалхарчу деношкахь дуьйна Оьрсийчоьнан пропагандо чIагIонаш йора, оцу агрессина дуьхьал тийсалурш "украинхойн националисташ" бен бац, бохуш. Официозан пропагандисташа риторика хийцина яц, оцу тайпа националисташ мел лахара а 40 миллион вуйла хиъча а. "Жимо толаме тIом" бан дагахь хиллера Оьрсийчоь. Оцу тIамехь жигара кадыровхойн пиаро кхин тIе а юьхьIаьржа хIиттор бара тоьлларш: "украинхойн националисташца" беккъа цхьа кадыровхой ларийна, вуьшта аьлча, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн  жимохдолу дакъа. Оьрсий башха оьшуш а ца хиллера. Цул совнах, Оьрсийчоьнан нохчех йоцчу вовшахтохараллаша а оцу схемехь "дика полисхо" санна доккха дакъа лоцур дара оккупаци йинчу дозана тIехь… Амма иштта ца нисделла. Оьрсийчоьнан эскар охьуш ду Украино, мича къомах бу къеста а ца деш. – Украинхойн социалан машанашкарчу роликаш тIехь долчуьнга хьажча, ойла кхоллало, хIинца Украинехь массо а кавказхойх кадыровцаш олу аьлла. Цаьргара схьа кхерам хилар мел а даздой-те цо? – Массо а кавказхойх кадыровцаш олу аьлла, соьгахь хааамаш бац. Украинехь меттигера нохчий бу Украинехьа тIемаш беш. Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашкахьа болу кавказхой, оцу салташлахь дIаийна, царех а ца олу кадыровцаш. Кадыровхой олу доккхачу декъанна, Оьрсийчоьнан гвардин  141-чу полках, беккъа нохчех вовшахтоьхна ю иза, Кадыров Рамзанан куьйгакIел а болуш.   – Ахь элира, Украинехь Кадыровх ца кхоьру, цуьнан ницкъабаран пиар-акцино Украинан юкъараллина Iаткъам ца бо, оцу тIехь Кремлан пропагандин гIалат даьлла аьлла. ТIаккха хIунда нисло иштта, нах кхерочу Кадыровн акцех лаьцна Украинехь массарна а хууш ма ду? – Боккха тIом балале хьалха украинхой кхечу информацин майданахь бара. ХIаъ, цхьайолчу Киеверчу украинхойн салонашкахь хьуьйсура оьрсийн каналашка, амма доккхачу декъанна, хаамаш кхачар кхечу тайпа дара. Iаламат кIезиг вара цуьнца Кадыров. Украинан политикан элитин а, цхьаболчу бахархойн декъан а принципиале дIахIоттор дара Оьрсийчоьнан цхьа а хIума цагайтар. Цундела гIалат хир дара, украинхошна Кадыровх а, цуьнан тобанах а лаьцна Оьрсийчоьнан бахархошна хуъучул хаьара алар. Хууш хиллехь а… Путинан рожо Оьрсийчохь хаа а хууш, адамех шайна муьтIахь, дуьхьало ян кхетамбоцу нах бина. Оьрсийчохь дIаяьхьначу протестийн лидерш йа набахте хьийсабора, йа пачхьалкхера дIабоьлхучу хьоле бохура.  Оцу кепара хIуммаъ  а хилла дац Украинехь. Кхузахь кест-кеста бандитийн "понташ" юхатухара жигарчу наха, Iедал юкъа ца гIертара.  Украинхойн юкъаралла, Оьрсийчоьнан бахархошка хьаьжча, шаьш вовшахкхета хууш бара. *** Чиллан-беттан 24-чохь президентан Путин Владимиран омраца, Украинан дозанна тIелетира Оьрсийчоь. Ши де даьлча Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIаларчу коьртачу майданахь 12 эзар меттигера ницкъахо дIа а хIоттийна, дIахьедира, "шайн лаамехь Украине баха хьаьгна бу" уьш аьлла. Билггал маса кадыровхо ву Украине хьажийна, хууш дац. Украинан кхерамзаллин урхаллин (СБУ) хаамашца, Зазадокху-беттан 4-чохь Беларусехула Нохчийчуьра чуеара 1200 стагах лаьтта тоба. Цуьнан декъехь бара "Север", "Юг" батальонийн эскархой а, "Ахмат-Грозный" ОМОН а. Зазадокху-беттан юьххьехь Кадыровс бакъдира, Украинехь хиллачу нохчийн тIемалойх - цо бахарехь, шиъ вийна, кхин а ялханна чевнаш йина аьлла. Юцу юкъанна, СБУ-хь дийцина, Нохчийчуьра бIе ницкъахо верах, дисина дакъа юхадирзира Зазадокху-беттан 13-чохь Соьлжа-ГIала. Байинчу нохчийн эскархойх хаамаш баржийна иштта социалан машанашкахь нохчийн оппозицин блогерийн гIоьнца. Хьалхо Украинан тIеман ницкъаша бакъ ца дира Кадыров Рамзанан Росгвардерчу нохчийн эскархоша дакъалоцу Луганскан кIоштарчу Рубежное гIалахь дIахьочу тIемашкахь аьлла, дина дIахьедар.  Шайна лаамехь вовшахтоьхначу украинхошкахьа тIемаш бечу нохчийн батальонан куьйгалхочо Осмаев Адама пиар ю элира Кадыров Рамзанан дIахьедар.

Комментарии

Комментарии для сайта Cackle

Читайте также

В тренде на этой неделе

Молодёжный «Локомотив» – брозновый призёр М-лиги!

Компания Юрия Кормышкина начала оросительный сезон с посева овощных культур в Николаевской области

Глава Ставрополья опроверг информацию о катастрофе из-за прорыва дамбы

21 мая в Туле ограничили движение транспорта

Загрузка...

Загрузка...
Новости последнего часа со всей страны в непрерывном режиме 24/7 — здесь и сейчас с возможностью самостоятельной быстрой публикации интересных "живых" материалов из Вашего города и региона. Все новости, как они есть — честно, оперативно, без купюр.



News-Life — паблик новостей в календарном формате на основе технологичной новостной информационно-поисковой системы с элементами искусственного интеллекта, тематического отбора и возможностью мгновенной публикации авторского контента в режиме Free Public. News-Life — ваши новости сегодня и сейчас. Опубликовать свою новость в любом городе и регионе можно мгновенно — здесь.
© News-Life — оперативные новости с мест событий по всей Украине (ежеминутное обновление, авторский контент, мгновенная публикация) с архивом и поиском по городам и регионам при помощи современных инженерных решений и алгоритмов от NL, с использованием технологических элементов самообучающегося "искусственного интеллекта" при информационной ресурсной поддержке международной веб-группы 123ru.net в партнёрстве с сайтом SportsWeek.org и проектом News24.


Владимир Зеленский в Украине


Светские новости



Сегодня в Украине


Другие новости дня



Все города России от А до Я